Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан хIокху деношкахь цхьаьнакхийтира Нохчийчоьнан Правительствон Председательца Эдельгериев Абубакарца. Цара дийцаре дира регионан бюджет кхочушъяран декъехь долу хьал. Иза ма-дарра довзуьйтуш А.Эдельгериевс дийцира махкахь кхолладеллачу чолхечу экономикин хьоло яккхий новкъарлонаш ешшехь, Россина дуьхьал йинчу экономикин санкцеша дагахь йоцу халонаш кхоьллиншехь Нохчийчоьнан Iедалан ша тIелаьцна декхарш кхочушдан ницкъ кхаьчна хиларх лаьцна. Ша аьлча, буьззина кхочушбина белхан алапаш, социальни ахчанаш дIадала бина хилла берриге а тIелацамаш.
– Ахь куьйгалла а деш дIахьош долчу гIуллакхаша, федеральни тIегIанехь ахь деш долчу дийцарша, беш болчу барташа таро ло бюджетан декъехь болх беш болчарна массарна а шен-шен хенахь белхан алапаш дIадала, пенсеш, пособеш дIакхачо декхаре дахарх лардала. Мехкан цхьамогIа субъекташкахь тIаьхьарчу хенахь дукха меттигаш нисло белхан алапа шен хеннахь дIа ца луш, кредитан декхарш тIехьерчош», – бохура Правительствон Председатела.
Цо чIагIдарехь, 2014-чу шарахь Нохчийчохь бюджетан декъехь цхьа а талхор ца хилла. Цунна тоьшалла до дукха хан йоццуш Россин Счетни палатера деанчу документо а. Цу тIехь билгалдоккхуш ду вайн регионан бюджет кхочушъярехь цхьана а кепара талхор цахилар.
Цул тIаьхьа А.Эдельгериевс дийцира Нохчийчохь кхочушъеш йолчу а, кхочушъян леринчу а яккхийчу проектех лаьцна. Цо билгалдаьккхина ма-хиллара, вайн республикехь инвестицеш юкъаозоран чоьтах промышленностехь а, кхечу дакъошкахь а кхочушъеш йолчу проекташна юкъадогIу Чуьйрин-Эвлахь а, Неврехь а заводаш яр, Соьлжа-ГIалахь индустриальни парк яр, цхьамогIа кхин объекташ яр.
Кадыров Рамзана дагадаийтира министрийн кабинетан уггаре а коьртачех цхьа декхар республикин бюджет профицитни тIегIане хьалаяккхар хилар. Вуьшта аьлча, вайн республикин бюджет дефицит йоцуш хила езаш ю. «Кхузахь буьрса, къиза тIемаш хиллехь а, йоццачу хенахь Нохчийн Республика махкахь уггаре а кхерам боцучу а, аьтто болчу а регионех цхьаъ хилла дIахIоьттина. ХIинца вайн коьрта декхар ду федеральни дотацех дозуш долчуьра дIадовлар. Оцу тIегIане кхачаран Iалашонца вай кхочушъеш ю экономика кхиоран цхьамог1а программаш. Цо республикина таро лур ю герггарчу хенахь финансови йозуш йоцуш хилла дIахIотта. ТIаьхьарчу итт шарахь вай йоккха гIулч яьккхина кхиарехьа. Вайн и дан ницкъ кхаьчна оцу муьрехь вайн махкахь экономикин хьал эшаме нисделлехь а, Россина дуьхьал экономикин санкцеш йина хиллехь а. Цуьнга хьаьжна ца Iаш кхиаран новкъахь керл-керла лакхенаш йохуш схьадогIу вай», – элира Кадыров Рамзана.
Оцу новкъахь кхин а жигара болх бан безаш хиларна кхин цкъа а тидам тIебахийтира республикин Куьйгалхочо. Делахь-хIета, тIедогIучу шарахь кхин а хьуьнаре къахьега дезар ду вайн правительствон декъашхойн.
Д.АНАДЕВ
№121, эсаран беттан 29-гIа де, 2015 шо