«ВКонтакте» – нохчийн маттахь

    Россехь а, СССР-на юкъахь хиллачу мехкашкахь а ч1ог1а г1араяьлла, «В контакте» ц1е йолчу социальни сето къобал а деш, схьадог1уш ду, шен интерфейс тайп-тайпанчу къаьмнийн меттанашкахь хилар. Тахана цуьнан (сетан) 8 шо сов хан а ю, интерфейс 40 сов маттахь а ю. Амма царна юкъахь х1инца а нохчийн мотт бац.

Нагахь санна, цу сетан меттанийн мог1арехь цхьанна шен къоман мотт а ган лаахь, цо цуьнан интерфейсан 80 процентана гочдан деза. Т1аккха бен Администрацис х1оттош бац керла мотт интерфейсан нисдаршна юкъа. Цул т1аьхьа, цу сетах пайда оьцучу муьлххачу а стеган аьтто хуьлу керла мотт ган а, ша лелочу интерфейсана иза харжа а.

Амма интерфейс шен къоман матте яккха а дац атта. Уггаре а хьалха, гочдархо  кийча хила веза Администрацис шена бийр болчу талламашна: Мила ву? Билггал хьо х1унда ву гочдеш? Муха, мичахь дешна ву?

Оцу талламах кхиамца чекхвалар нислахь, д1адолало шолг1а т1ег1а: ахь билгалбаьккхина мотт хьуна мел хаьа таллар. Хьалххе ахь къастийначу электронни  адреса т1е кехат доуьйту. Цу чохь хьо гочдан декхарийлахь волу йозанан кийсак хуьлу. Гоч а дина, жоьпаллин кепехь д1атаса деза и кехат. Цул т1аьхьа, ахь иза гочдинчу меттан говзанчаш цхьаьна а тухий, Администрацис толлу хьуна «Гочдархо» бакъонаш ялар…

Иштта нисделира сан г1уллакх а.  Иза д1адаханчу шеран сентябрь баттахь дара. Оцу беттан 17-чу дийнан хазачу 1уьйренца сан самавалар кхин а хаздира сатоссуш схьакхаьчна хиллачу кехато. Дуккха а х1ума дара цу т1ехь яздина. Амма суна оьшуш дерг «Гочдархо» дош дара. Цуьнга айса дукха сатийсина хилар дара а хаац, делахь а, вуно сиха карийра суна иза. Цуьнца цхьаьна дара «назначить переводчиком» а.

Со гочдан декхарийлахь вара 15 эзар сов дош а, предложени а. Предложенеш дукха яккхий хиларе терра, со дешнаш гочдан х1оьттира. Х1етте а, кхоалг1ачу дийнахь гучудевлира сан нохчийн маттаца долу кхачамбацарш. Уьш дара «сохранить», «отправить», иштта кхин а цхьадолчу дешнашца доьзна. Масала, оьрсийн маттахь сурт, йиш, видео, яздар а «сохранить» дашца леларх а, нохчийн маттахь суьртана 1алашде яздича, видеона 1алашъе яздан дезаш нислора. Кхин аг1о кара а ца йина, ас массанхьа а 1алашъе (де) лелийнера. Иза иштта дан дийзира, цхьана дашна цкъа бен гочдеш доцу дела.

Оцу тайпана долу чолхе хаттарш дуккха а т1е1итталора. Иза дерриге а сайна хуъушехь, ас  «В контакте» кестта нохчийн маттахь хир ю аьлла, хаам баржийнера. Цхьаболчара баркалла олура, вукхара – эрна хан йойъуш ву а. Амма хьаг1 ерш а нисбелла хиллера. Сан корматалла «радиофизика» а йолуш, ас нохчийн маттахь иштта г1араяьллачу сетана интерфейс муха йо аьлла, бехк баьккхира соьга. Ч1ог1а дог даьллера сан цу хенахь… Айса нохчийн маттахь цуьнан интерфейс ян г1ерташ, яйъина хан баккъал а эрна а хеташ. Иштта д1аделира ахшо. 63 процентана нохчийн матте яьккхина интерфейс а йолуш, д1адаьлла ахшо.

Х1инца, «Даймохк» газетан коьртачу редактора Шамсудинов Бувайсара ша г1о-накъосталла а дийр ду, юха а д1аболабе и болх а олуш, къамел хилира тхан.

«В контакте»-н Администрацига кехат а дахьийтина, юха а сох «Гочдархо» хилла, амма эрна даьллачу эхашаро шен лар а йитина. Интерфейс х1инца 58 процент бен яц нохчийн маттахь. Делахь а суна хаьа, кхид1а, Дала мукъ лахь, нохчийн маттахь цхьаъ бен доцучу газетан г1оьнца айса и болх чекхбоккхург хилар.

И.ХАСАХАНОВ

 

№121, эсаран беттан 29-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: