Литературехула гIиллакх марздар

27-чу октябрехь  Шеларчу  №9 йолчу школехь  лакхарчу  классийн дешархошна лерина  башха цхьаьнакхетар хилира. Вайн республикехь кхетош-кхиоран болх массо меттехь а, оцу  гIуллакхна беркате хир ю аьлла хетачу  массо а гIирсашца а  беш бу. Масала, литературехула шатайпа тIеIаткъам бало кегийрхойн синкхетамна. Цундела дара оцу  школин  оьрсийн меттан а, литературин а  хьехархочо Бибулатова Тоитас яздархой, историкаш,  журналисташ  кхайкхар.IMG_8443

                Дешархошца цхьаьнакхетаре  баьхкинера  Нохчийн Республикин Журналистийн союзан председатель  Хатуев Ислам, «Вести Республики» газетан коьрта  редактор Исмаилов Илес, Нохчийн Республикин Яздархойн  союзан председателан заместитель  Шамсудинов Бувайсар. Иштта Шелан гIалин мэр Домбаев Iумар а, Шелан  районан къеда Неттиев Хожа-Ахьмад а, Шелан районан  дешаран урхаллин  куьйгалхо Тимералиев Бислан а вара  оцу цхьаьнакхетарехь.

Хьешашка  маршалла хоттуш, уьш бовзийтарца  дIадолийра «Жималлин суьйре» аьлла цIе тиллина  цхьаьнакхетар  Бибулатова Тоитас. Шайн юьртахочун, хIокху школехь  дешначу  Шамсудинов Бувайсаран кхоллараллин некъ бовзуьйтуш, цуьнан ненах, даймахках лаьцна язйина  байташ, дийцарш довзийтира.IMG_8361

Дешархоша  «Жималлин суьйре» дийцаран буха тIехь  хIоттийна инсценировка  гайтира. Ненан марзонах  хаьддачу берийн балех, гIайгIанех яра  иза. Массо а ойлане  воккхуш, тийналла хIоьттина  ладуьйгIира гулбеллачара.

Цул тIаьхьа дош делира Шелан районан къеда волчу Неттиев Хожа-Ахьмадна. Цо элира бусалба дино а, нохчийн яздархоша а дуьйцург цхьаъ хиларх лаьцна. Дешархошка, пайдехь  долуш, да-нана лара дезарх лаьцна  дийцира Хожа-Ахьамада. Нана еллачу  берашца  муххале а къинхетаме  хила  веза. Тахана да-нана делха а деш «гIазот» даккха боьлху олий,  Шема боьлхучара, шайн дай-наношна  йохьург юьхьIаьржо ю. Iеламнаха бечу  белхан  могIарехь  бу  вайн  яздархоша  беш  болу болх а. Шун гIазот да-нана а, хьехархой  а ларар а, дика дешар а ду», – элира Х-А.Неттиевс. Чулацаме дара Хатуев Ислама  дина къамел а. Кегийрхошка шаьш нахе  Iехадайтарх  ларлуш хила  элира цо. Шемахь, Иракехь берг  я динца я  нийсонца беш тIом  а бац, тIамо  дукха  халонаш гайтина  болчу  нохчийн гIуллакх долуш тIом  цахиларх а дийцира.

Нохчийн къоман хелхар гайтира байташ а йийшира зудабераша.

Хьешашна баркалла а олуш, цхьаьнакхетарехь  бинчу  мехалчу хьехамийн хьокъехь дош олуш  йистхилира Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо  Абдурашидова Маьлха-Аьзни а, школин  директор  Бисултанова Альбика а.

Цхьаьнакхетар дерзийра дешархойн дехарца  хьешашца безамна суьрташ дахийтарца.

 

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Авторан суьрташ

№122, шот, эсаран беттан 31-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: