Вина 1989-чу шарахь Хьалха-МартантIехь. Карарчу хенахь циггахь вехаш ву. Нохчийн мотт безаш, литературица гергарло долуш ву иза. 2010-чу шарахь дуьйна байташ язъеш ву Сайд-Селим. Царах цхьаерш йовзуьйту оха:
***
Бергаш етташ зама уьду,
Кхачош дахар лаамза.
Цуо къахетий цхьа ца вуьту,
Дац-кха иза ларамза.
Стенга хьаьдда, со-м ца кхета,
Кхета восса везий сайн.
Болар денна сихлуш хета –
Дита деза-кх дуьне кIайн.
Вита, зама, сих а ца веш,
Доггах Дела резаван.
Дахарх къастахь, хеназа леш,
ХIун хир ду-те дегIах сан?
Доггах хьоьстуш нана-пекъар
Кардац суна-м ала дош.
Хийла Iовжий, доцуш хьекъал,
ГIалат дуьйжи къа латош.
Со-м ца ваьлла резавина
ДогIа делларг дахаран.
Декхар кхочуш ас ца дина,
Лаара-кх дада резаван.
Ма хьийза со вига гIерташ,
Вита гулбан йолан цIов!
Яссайо хеназа ахь керташ,
Хийла туху дегнех ов.
***
Сийлахьчу Исламан некъа тIехь Дала,
Декъалдеш нисдойла, доттагIий, вай.
Юттуш вайн дахарехь диканийн гIала
Дехийла, доттагIий, дехийла вай!
Деза а, диэза а кхоьллина Дала,
Даима хир доцу дай-наний вайн
Даггара резадеш нисделла дахар.
Дехийла, доттагIий, дехийла вай!
Бала дIакъастаби Даймахках Дала,
Iамадеш даха вай баьхначохь дай.
Кхин ца гуш хьомечу Даймехкан бала.
Дехийла, доттагIий, дехийла вай!
Нахаца барт болуш мерза вай даха,
Атта хир лардахь вай гIиллакхаш дайн.
Адмашлахь юьтуш вайн дика цIе яха,
Дехийла, доттагIий, дехийла вай!
Вовшаха ца къесташ дIаидарх зама,
Ца хедаш юккъера марзонан тай.
Вовшашца барт чIагIлуш тахначул кхана,
Дехийла, доттагIий, дехийла вай!
Дуьненан баланах лардойла Дала,
Ма хуьлда соьман лай, доттагIий вайх.
Даима ирс хьийзаш гуонаха даьлла
Дуийла гIоза вай хIара дуьне кIайн!
№122, шот, эсаран беттан 31-гIа де, 2015 шо