Ставрополан крайн Курски станцехь хIокху деношкахь дIаяьхьира греко-римски охьатохархлатарехула кхиазхойн X-гIа Дуьненаюкъара турнир. Иза лерина яра Россин хьакъ болчу спортан мастершна А.Юдинна, Р.Воронинна, Д.Дермажоковна.
Цигахь дакъалоцуш Нохчийн Республикера 6 спортсмен вара. Къийсадаларш дIадаьхьира кхаа дийнахь. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь хьалхара меттигаш ехира Нохчийчуьрчу: Яндаров Илеса (35 кг) – ШВСМ, Забаев Ислама (46 кг) – ДЮСШ №7. КхоалгIа меттигаш ехира Ибрагимов Iабдурахьмана (38 кг) – ДЮСШ Грозненски район, Вацуев Рамзана (42 кг) – ШВСМ. Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу, уьш Iамийна церан тренерш Р.Эскерханов, А.Магомадов, С.Исаев.
Вайн спортсменаш турнирехь дакъалаца бахийтарехь доккха гIо лецира Нохчийн Республикин греко-римски кепара охьатохархлатарехула йолчу Нохчийн Республикин Федерацис.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№122, шот, эсаран беттан 31-гIа де, 2015 шо