«Терек» – Россин Кубкан 1/4-чу финалехь

Россин кубок яккхаран 1/8 финалехь «Ахмат-Аренехь» «Терек» командо тIеийцира Москвана юххера «Химки» команда.1029001980

Цхьаьнакхетаран хьалхарчу таймехь Митришев Мохьмада хьешийн кевнна чу буьрка а тоьхна, схьайиллира счет. ШолгIачу таймехь Дворниковс «Терекан» кевнна чу ларамаза буьрка а тоьхна, д1анисйира счет. Ловзаран коьрта хан 1:1 счет а йолуш, чекхъелира.

Цул т1аьхьа командаш 15 минотехь йолчу шина таймехь левзира. «Терекан» таро хилира шен счет алсамъяккха. Хьешийн кевнна буьрка юха а чутуьйхира М.Митришевс.

Россин футболехула йолчу Кубкан 1/8-чу финалан матчехь «Химки» 2:1 йолуш эшийначул тIаьхьа Грозненски «Терекан» коьртачу тренера Рахимов Решида дийцира командин ловзарх лаьцна.

Кубок – иза гуттар а цхьа матч ю. Кхеташ ма-хиллара, тхуна хьалхахьа дIадаха лаьа. Кхид1а ловзарш хир ду «Краснодар» – «Анжи», тIаккха ЦСКА – «Уфа». Т1ейог1учу хенахь а хала хир ду. Кхечу кепара хир ду тхан ловзар а. Бакъду, Кубок яккхарехьа ницкъ ма-кхоччу алсамчу матчашкахь ловза лаьа. Тхо рог1ерчу муьре девлла – иза дика ду. Х1инца ойла ян еза чемпионатан матчин.

«Химкин» коьртачу тренера Хафизов Вадима Соьлжа-ГIалахь «Терекна» дуьхьал хиллачу матчан жамI деш элира:

«Матч тхуна аьтто боцуш хилира. Амма цуьнан шен бахьанаш ду: тхо искусственни газона тIехь ловзуш ду, ткъа кхузахь Iаламан буц ю. Цхьацца болу футболисташ керла бара. Ма-дарра аьлча, кхитIе йолчу хенахь ловза ницкъ ца тоьира тхан.

 

М.РУСЛАНОВ

№122, шот, эсаран беттан 31-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: