Дуьнен чохь цхьанхьа а боцу чIара бу Нохчийчуьрчу Къоьзан Iома чохь. Иза бакъ-чIара бу, оьрсийн маттахь цунах олу «Эйзенамская форель», ла тинийн маттахь «Salmo ezenami» олу. Лосось – чIеран тайпанах бу иза. Мерза кхача хиларал сов, могашаллина чIогIа пайдехь бу иза.
***
Наггахь бен хуьлуш доцу хин дийнат а ду Нохчийчохь. Иза бу минога-чIара. Уьш кIезиг дисарна, дIадовла герга ду.
120 сантиметр беха а, 3 кийла беза а бу минога. Цо Iов тосу июнь, июль беттанашкахь. Боьршачу чIеро ах метр бен бой, иза ларбо. Iов тесначул тIаьхьа чIара ле. Миногаша тесна зирх 5–6 шарахь лаьтта. Кеп эцначул тIаьхьа кегий миногаш хIорда чу керча. ХIордан мур кхаа шарахь лаьтта.
***
Официальни статистико дуьйцучул а дуккха а алсам бу нохчий. ХIХ-чу бIешарахь тайп-тайпана тIемаш а, бохамаш а бахьанехь махкара дIабахана нохчий лоруш бац. Дукхахберш уьш хIинца а Герггарчу Малхбалерчу пачхьалкхашкахь бехаш бу. Нохчийн уггаре а йоккха тоба ю Иорданехь. Iилманчаша дийцарехь, дIаязбинарш 1 миллион сов бен бацахь а, дуьнен чохь вехаш 2 миллион нохчи ву. Цхьаболчу Iилманчаша далош долу терахьаш кхин а лакхара ду. Цара чIагIдо дуьнен чохь бехаш болчу нохчийн барам 3 миллион стаге гIоьртина бохуш.
***
Нохчийчуьра мехкадаьтта тIехдика лоруш ду. Нохчийн мехкадаьттанан парафинах дина чIурамаш Папин Римскин тумбочки тIехь лаьттина.
Б.ДУДАЕВА
№122, шот, эсаран беттан 31-гIа де, 2015 шо