Синна марзбелла пондар

Тахана а бац Нохчийчохь пондаран говзалла евзаш дукха нах. Царна юкъахь кхин а кIезиг бу зударий. Делахь а, шен дахаран мур пондарца а боьзна, шен синна иза дукха а безаш, таханлерчу дийне схьаеана ПетIамат. Цуьнан 71 шо ду. Муьлххачу а нохчичун эсехь долчу 1944-чу шарахь махках даьхча, Казахстанехь нисделла ПетIамат дуьнен чу ялар. ПетIаматан 3 шо а долуш, кхеран доьзале «вогIу» кхин а цхьа доьзалхо – ПетIаматан ваша.6810

Иза 64 шо хьалха дара … Кхуьнан 5 шо долуш, дIабоьдуш бара «арадаьхначу къаьмнийн» синкъерам. Кхунна тIехьа хиъна Iара пондарча. Цо лоькхучу пондаран мукъамо «йийсаре» йира иза.

Цул тIаьхьа 11 шо делира. «Арадаьхначу къаьмнашна» цIадерза бакъо елира. Нохчийн къомаца цIабирзира ПетIаматгIеран доьзал а. Кхунна пондар ийцира.

Теркйистерчу цхьана юьртахь дара иза. Шен пондар а эцна синкъераме яхана хIара а йолуш, кхуьнгахь пондар гича, тIехьаьжна хIара бер а хеташ, дукхахберш боьлуш хилла. Амма кхо, хIумма а йоьхна ца хьаьвзаш, «белхо» болийра пондар, гуонаха мел верг цец а воккхуш. Иза дара и де, хIокхо дуьххьара хийрачу наханна хьалха пондар лекхна хьалхара де.

Цул тIаьхьа Теркйистерчу ерриге а ярташкахь цIе а яхна гIараяьлла пондарча хилира ПетIаматах.

– Школехь яра со, пондаре безам хиларе терра, книга схьа а эцна, айса иза «локху» кепаш хIиттош  хьехархочо бехк баьккхира соьга, суна пондар хилчахьана цхьа а дешар ца оьшу аьлла,. Цу дийнахь цIаярах  кхин школе ца яхара со, –дуьйцу ПетIамата.

Я деша я яздан а ца хууш, пондаре а, эшарш язъяре а безам бахана, и безам кху дийне схьакхачийна  цо. Шен сица хаьржина корматалла ю иза цуьнан.

Шен дахарехь дуккха а эшарш лекхна ПетIамата. Царна юкъахь безамна лерина ца Iаш, хьешашна, Даймахкана, турпалхошна  леринарш ю.

Ша лекхначарех уггаре а хьоме ерш хозуьйту суна. Уьш лерина ю Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентана Кадыров Ахьмад-Хьаьжина. Цу тIехь ПетIамата довзуьйту нохчийн къоман машаре сатийсар, машар Ахьмад-Хьаьжин цIарца кхачар.

Рицкъ цахилар бахьана долуш, цхьа а доьзалхо вац цуьнан. Мухха делахь а, шен бер санна пондар а безаш,  шен 71 шаре-м кхаьчна ПетIамат.

 

М.КАНТАЕВ

№122, шот, эсаран беттан 31-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: