Аттачех ца хилла Альтигов Зеламхин дахаран некъаш. Бераллехь-м цунна шел ирсе цхьа а адам дац моьттура. Делахь а кIант кхиъна вогIуш вайн махка къинхетамза хьаьвзинчу сингаттамаша мелла а шелйира цуьнан самукъане ойланаш. ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь вайнехан садиъна шийла гIайгIанаш Зеламхех а хьерчара. Амма къар ца луш, цкъа мацах юьхьарлаьцначу Iалашоне дIакхечира кIант, дахаран некъаш мел чолхе хиллехь а.
Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIеман дакъалацархо волу цуьнан да Альтигов Ваха кIоштан больницехь лоьран болх беш вара. Цуьнга кхочуш дерматолог районехь вац олура дархоша. Зеламхин нана оццу больницехь медйишин болх беш яра. Цара дерриге а дора берашка дешийта, хIоранга даго къастийна говзалла караэцийта. Хьаналчу къинхьегамца напха даккха Iамийта. Бакъду, ден,ненан лорах цхьа йоI бен ца яхара. Берийн лоьран говзалла караерзийра Зеламхин йишас -Зараа. Ткъа важа кхуьнан йиший, ваший хьехархо хила лууш, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан Университете деша дахара. Кхиамца иза чекхъяьккхина, шайн дай баьхначу Хьалха-МартантIерчу школашкахь болх беш ду и шиъ.
Юьхьанца чIогIа гIишлошъярхо хила лууш вара Зеламха. 1987-чу шарахь юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина гIишлошъяран говзанчаш кечбечу училище деша вахара кIант. Амма белхан меттиг билгалъяьккхина хIара валале 1989-чу шарахь эскаре гIуллакх дан кхайкхира Зеламхе.Ткъа иза цигара цIаверзале доха карзаха даьллачу Советийн Iедало гIаттийна зуламе дарц нохчийн лаьмнашка кхечира. ХХ-чу бIешеран 90-гIа шераш дуьйлалуш гIишлошъяр дагадогIуш стаг вацара вайн республикехь. Хала сурт дара иза кийрахь яхь йолчу стагана лан. Делахь а челакхчу замано яржийначу ойланашна йийсаре ца воьдуш, кхидIа долчу дахаран некъаш билгалдаха доьналла тоьира жимачу стеган. 1992-чу шарахь Нохчийн Республикин пачхьалкхан Университете деша вахара кIант. Карзахе зама яра иза. Урамашкахь герз эвхьаза даьккхинера. Луш алапа, я стипенди дацара. Дукха хан ялале тIом болабелира. Цхьана ханна дешар юкъах дита дийзира. ТIеман луьра кхийсарш лагIъелча Зеламхас чекх-м яьккхира университет.
Юьхьанца Хьалха-МартантIерчу №5 йолчу школехь хьехархочун болх беш вара къона говзанча. Махкахь кхехкаш тIом хиларх иза цкъа мацца а дIабоьрзур буйла хаьара хьехархочунна. ТIаккха халкъана, махкана дешна къона чкъор оьшур дуйла хаьара. Цундела шена мел хала хиллехь а юха ца волуш къахьоьгура цо, бохамаша хаддаза Iийжочу синкIоргенехь дегайовхо кхобуш. Берийн бехк бацара махкахь къинхетамза тIеман цIе кхерстар. Уьш Iамо дезара, къоман сирлачу кханенах тешо дезара, вайнехан оьздачу гIиллакхийн гурашкахь хьалакхио дезара. Оцу ойланца болх беш вара Альтигов Зеламха, цундела дешархошна, церан дайшна-наношна дукха а везара иза. Цхьана озехь, Зеламха говза хьехархо хилар билгалдоккхура массара.
2013-чу шарахь Хьалха-МартантIерчу №4 йолчу школан директор хIоттийра Зеламха. Хийцам Iаламат беркате хилира школина. Уггаре а хьалха хьакъдолччу тIегIанехь низам дIахIоттийра керлачу куьйгалхочо. Цундела дукха хан ялале бераш дешарна юкъахдийлар лахделира, дешархойн хаарш мелла а лакхадевлира, дайшца-наношца йолу юкъаметтиг а чIагIъелира. Уггаре а коьртаниг, школин директора массо а хьехархочуьнга цхьабосса жигарабаккхийтира кегийрхошна юкъахь дIахьош болу кхетош-кхиоран болх. Балхах дог лозуш хIара тIеверзаро беркате стом белира. Куьйгалхо шен меттехь хилча нисло иштта. Дешархой хазахеташ богIура хIинца школе. Царна хIоранна дагтIе боьду некъ каро лууш къахьоьгура директора. ТIаьхьарчу хенахь дешархошна, хьехархошна Iаламат самукъане йоьдуш хета кхузахь хан. Школин директора Альтигов Зеламхин хьуьнар бахьанехь хилла и тайна хийцамаш. Цо цкъа а човха ца до бер, цуьнгара ледарло яларх. Хаза дуьйцу, эхь хетачу агIор, дешархо йохье воккхуш. ТIаккха дешархоша кхуьнца эхь-бехк лоцу, тIейогIучу ханна ларло шайгара цхьа ледарло яларх. Иштта цIеначу даггара бечу балхо сатийсина жамI дохьу. Цунах воккхаве хIора хьехархо, къаьсттина школин директор Альтигов Зеламха. Цунна шен ирс карийна вайнехан къоман сирла кхане кхиочохь. Ма дика ду и тайпа хьаналчу къинхьегамах самукъадолу адамаш вайн махкахь долуш.
ГАЗИЕВА Аза
№122, шот, эсаран беттан 31-гIа де, 2015 шо