Аргунера Тозуркаева Азман дагалоцуш
АллахI-Дала хIоттийначу, нисдинчу цхьацца бахьаница хуьлуш ду олу массо а хIума. И йоккха стаг суна йовзар а нисделира шатайпана. Масех шо хьалха маршрутни «Газель» тIехь тхо догIуш, хезаш, тидам тIебоьдуш дара тхуна ши-кхо гIант хьалхахь хиъна йолчу цо шен лулахочуьнга ден къамел.
Назманаш олура йоккхачу стага, Сибрехах, ткъа иштта вайн гIиллакхех лаьцна дуьйцура, Мамакаев Iаьрбин цIе а йохура, Iеламстаг волу шен да нохчий махках бахале хьалхарчу муьрехь байташ язъеш вара а элира. Хетарехь, «Газель» чохь мел волчун ойла йоккхачу стагана, цо дечу башхачу къамелана тIе а яханера. Дала ишттачу адамца кху машен тIехь тхо цхьаьна нисдар цхьаъ доцуш дац-кха аьлла, йоккха стаг охьаюссучу хенахь цуьнга иза еха меттиг хаьттира ас.
Оцу зудчун пурбанца, цул тIаьхьа цхьана дийнахь цаьрга кхечира тхо. Цуьнан кIанта Iимрана тхуна гIо а деш, махкахойн мелла а тидам тIегIур болу а, ладоьгIча, хезча пайде хир ду аьлла хета а хIуманаш йоккхачу стаге дийцийта хьаьвсира тхо.
1928-чу шарахь Веданан кIоштарчу БелгIатахь ШахтимировгIеран ГIирма-Солтин, Селин доьзалехь дуьнен чу яьлла Азман (тахана иза йоцуш ю, АллахI-Дала цунна гечдойла!) Ши ваша хилла Азманан. ЙоьIан ялх шо долчу хенахь (1934-чу шарахь) кхелхира цуьнан нана. Цомгаш, меттахь ша йолуш, Селас дехар дина хиллера шен цIийндега, ша дIаяьлча ялх баттахь шен чIир кхабахьара аьлла. ХIусамнана кхелхинчул тIаьхьа ГIирма-Солта еххачу хенахь Селина Ясин деша ихира кешнашка. ХIусамненал тIаьхьа 11 шарахь ваьхначу ГIирма-Солтас кхин зуда яла а ца йира. Ахь зуда хIунда ца ялайо, шега хаьттича, цо аьлла хиллера: «Ас дешначу Къуръанор ялор яра, ялийначух Села санна зуда хир а елахьара, доьзал акха а бер бацахьара».
1943-чу шарахь юьртарчу школехь Азмана чекхъяьккхира 7 класс. КхидIа деша аьтто ца хилла, юкъахделира дешар. ЦIера гIуллакхаш деш хIусамненан декхарш кхочушдеш, схьаеанера шен дахарехь Азман. Дика доьзал кхиийнера цо. ЧIогIа оьзда стаг вара шен хIусамда бохуш, дуьйцура хIетахь Азмана. Вай Сибрехахь долуш яхана хилла иза цуьнга. Цу хенахь дуьйна Тозуркаева фамили лелийна цо.
Iедало адамашна тIехь лелийна харцонаш, дин лелочаьрца латтийна къийсам, цхьа а бехк боцуш, халкъ махках даккхар… дика дагадогIура йоккхачу стагана. Цо дечу къамело гойтура, иза хIуманна саготта йолуш, дика иэс, вайн дахарехь хуьлучунна сема, ира хьажар долуш, нохчийн зорбанан, бартан дашца даима гергарло латтийна зуда хилар.
Нохчий Казахстане, Юккъерчу Ази бигна шо кхаьчначу хенахь дIакхелхина волу цуьнан да Шахтимиров ГIирма-Солта вайн республикехь дика вевзаш Iеламстаг хилла. Цундела, Iилманна юккъехь кхиъна а йолуш, Iилманан ден йоI ю Азман, олуш хилла кхунах лаьцна, долуш дерг ма-дарра хуучара.
Шахтимиров ГIирма-Солта Iарбийн йоза-дешар хууш, бусалба дин Iамийна волуш, латинийн йозанан бухехь ша Iамийна хилла болу вайн нохчийн мотт дика бевзаш стаг хилла.
Лаца хьовзийча, ДаьргIарчу школе хьехархо вахча ГIирма-Солта, цигара а, молла ву аьлла, дIаваьккхина. Сталине дIахьедар яздина цо, ша хьехархочун балхара дIа хIунда ваьккхина аьлла. ТIаккха юха а балха хIоттийна иза.
Iилманна ГIирма-Солта тIера хиларна дуккха а тоьшаллаш даладо наха тахана а. СоIип-моллас (БелгIатара хиларал сов, цхьана цIийнан нах бара хIорш) хьоьхуш, дешна цо, шен 7 шо кхаьччахьана 32 шо кхаччалц.
ХIара цIа веанчу хенахь, кхуьнгахь хIун доллу хьажархьама, уггаре а мерзачуьра жижиг даийта шена аьлла, СоIип-моллас ГIирма-Солте хабар тоьхнера бохуш, дуьйцу. Кхуо мотт бахьийтина. Юха хабар кхаьчна, уггаре чаьмзачуьра жижиг даийта аьлла. ГIирма-Солтас юха а мотт бахьийтина. Уггаре а мерзаниг, уггаре а къаьхьаниг мотт бу бохург, чIагIдина цо ша динчуьнца.
ГIирма-Солта Эрсанарчу цхьана стагана бусалба дин хьеха вахана а волуш, тIехIоьттина 1944-чу шеран февралан 23-гIа Iуьйре. Юха шен доьзална тIе ца кхочуш, оцу Эрсанарчу нахаца Iаш волуш, вай махках даьхна шолгIа шо долчу хенахь (шен 57 шо хан йолуш) дIакхелхина ГIирма-Солта. Больницехь волуш ша-шена Ясин дешна а хилла цо, цул тIаьхьа мотт сецна боху, цуьнан. Оцу хьолехь ша волуш, кехат, къолам даийтина, назма дIаязъян кхиъна иза ша валале. «Тховса-кхана лийр ву со, айса сайна Ясин а дешна. КIант-м шиъ вара сан, йоI декъаза хIума ю, Азманан» – доладелаш, аьлла хилла цо цигахь нисъеллачу шен стунйише.
ГIирма-Солте кехат, къолам белларг Соьлжа-ГIалахь ваьхначу совдегаран Абубакаран йоI Секи хилла (больницехь медйиша хилла йолу). Иштта дуьйцу цигахь хиллачара. Шен дас, ша оцу хьолехь волуш, дIаязйина хилла назма, гIийла мукъам балош, дагахь дIайийшира тхуна Азмана. Вуно чIогIа дагахкхеташ а нисделла хилла ГIирма-Солтин и башха могIанаш:
Я АллахI, хьан гIийла миска лай вагIахь,
Дас-нанас аьллачунна тIехь чекхваьлла вагIахь,
Дог реза къинтIера уьш бевлла вагIахь,
Со везаш эцалахь, ва Везан Дела.
Вешера вошалла хилаза вагIахь,
Несера несалла хилаза вагIахь,
КIинтIера вели со Хьан дуьхьа, Дела,
Хьоьгара ял еза, ва Везан Дела.
Хьалхара кхерч, лаамза, со боьхна вагIахь,
ШолгIаниг Хьан кхиэло бохийна вагIахь,
КхозлагIчух валаза ца ваьлла вагIахь,
Хьан кхоьлана реза ву, Хастаме Эла.
Бехк боцуш, ДегIастанах хьегна дегI дагIахь,
Хьаналчу хьацарна даьцна дегI дагIахь,
Га доцу маргIал-гIа дитина вагIахь,
Цуьнан терго Ахь елахь, ва Везан Дела.
Хьо цхьаъ веш, шахIадат со далош вагIахь,
Хьан Элча Мухьаммад со бакъвеш вагIахь,
Сайн устаз Мубарик къобалвеш вагIахь,
Декъалчу тобанах тохалахь Дела.
Са оьцу Мулкалмот муьтIахь де, Дела,
Бартхотту маликаш резаде, Дела,
Жоьпашкахь Ахь нисвар Хьоьга доьху, Дела,
ЮьхьIаьржа хIотторах ларвелахь, Дела.
Вуно хаза, аьхна мотт болуш, стихаш, назманаш язъеш хилла Азманан да. Вай махках дахале республикин муьран зорбанехь ара а йийлина царех цхьаерш. «Нохчий Даймахка юхабирзинчу хенахь, архиваш йолчу а яхана, уьш схьа ца гулъеш, сайх ледарло ялийтина ас. Бакъду, тхайн ден хилла жайнаш-м схьагулдира оха», – олура Азмана.
Хаийта лаьа, (нохчаша бусалба дин тIеоьцучу муьрехь) Нохчийчохь уггаре а хьалха маьждиг доьгIна юрт ю БелгIата. Оцу эвлара схьабевлла Iеламнах молланаш лаьттина нохчийн дуккха а ярташкахь: Гуьнахь, Эрсанахь, Эна-Кхаьллахь, Иласхан-Юьртахь, Закин-Юьртахь, Теза-Кхаьллахь, Мескар-Эвлахь, Цоцин-Эвлахь, БухIан-Юьртахь, ЭгIаштахь, Шелахь… Оцу молланийн цIерш а дагайогIура Азманна.
Дешначу нехан (ГIирма-Солта дийна волуш, уьш цаьргахь сих-сиха гуллуш хилла) къамелашка дукха ладегIарна, Азманан иэсо лардинера шен дас баьхнарш:
«Пондарх лекхалуш пенаш хир ду… Сом делла а, шен доьзалхо хьаста везаш хенаш йогIур ю; ца хьастахь, иза дIа а вахана вуьсур ву да… Дуьне доха гергадаханчу хенахь, даьккхинарг даа а ца кхуьуш, адам деддий-хьаьддий хир ду шуна, йиша-ваша вовшашна тIекхочуш хир дац… Вехаш волчо вехаш волчунна бен сагIа а лур дац, мисканиг дIатоттур ву. Даа шуралла-кIайн бепиг долуш, адам меца хир ду… Вай махках дохур ду, хьакхарчий кхерсташ лаьттар бу вайн Даймохк; цхьаберш буьсур бу хийрачу махкахь, цхьаберш цIа богIур бу…»
Азманна доккха беркат хетара уьш, дешна нах, вайн хилар. Бусалба дино ма-бохху лелаш, Iилма шена дика Iамийна, нахана иза хьоьхуш волчу стага шех вониг долуьйтур дац, оьзда хир ву иза ша буьйцучу маттаца, духарца, кхочушдечу гIуллакхашца.
«Хаза хьехамаш бора со жима йолчу хенахь берашна, – дуьйцура Азмана. – Нана йоцуш кхуьучу соьга сайн ненананас дийцинарг дагадогIу суна: «Хуьнжар къовллий дехкалахь, кхача дукха ма баалахь, оьзда хилалахь. Нахе яхча, дIаса ма хьежалахь…». Хьалха кIант, йоI урамехь хIуттий ца лоттуьйтура – чукхойкхуьйтура. Ишттачу метте, нене еха а йоьхий, схьаялайора йоI, тIаккха, схьаялоре терра, юха нене дIалора. Я хин коьртехь, дуккха адам долччохь дора йоIа, кIанта шайн къамелаш.
Тахана и гIиллакхаш гIеххьа дайделла, амма лелочара леладо уьш даима. ДIатаса йиш ма яц уьш…».
Вайн маттах лаьцна къамелаш а дира оха Азманца. Джамалханов Зайндис цIена нохчийн мотт буьйцуш хилар билгалдоккхура цо: «Шен схьавалар Куьрчалара долуш а ву иза. Тхоьгарчу йоIа дешна, Зайнди шайн хьехархо а волуш, Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн училищехь. Вешан мотт вай талхош новкъа а долуш, иза ларбаре, кхиоре кхойкхуш схьавогIу иза тахана…».
Юха Азмана дийцира Мескитарчу Айдамиров Абузарх (Дала гечдойла Абузарна а, Зайндина а) лаьцна: «Оьзда стаг вара иза. Телевизор чохь ша динчу цхьана къамелехь цо элира цкъа: «Тхан юрт яккхийчех яц. 200 сов стеган вайн къоман йоцу цIерш ю тхан юьртахойн. Уьш а елара цIерш! Иштта, стаг дIаойбучохь, муха йоккхур те ю цуьнан цIе? Сан берашна нохчийн маттахь къамел дан ца хаьа, бохуш, дозалла деш лийли цхьаболу дай-наной. Вай стенга кхача гIерта те?.. »
Гуш дара, Азманан дийца хIуманаш дуккха а хилар. Оха муьлхха хIума хьахадарх а, вуно маьIне долуш, къамелана юкъадилла дош, дийцар карадора цунна. Йоккхачу стаге ойлайойтуш, сагатдойтуш хIуманаш дукха ду вайн исторехь, таханлерчу дахарехь.
Шена хетарг ма-дарра дIаолуш хилла ю Азман. Иштта аьлларг ца товш берш а дера хуьлу, цуьнан шен юххерчу гергарчарна юккъехь а хилла. Ишттачохь Азмана шен гергарчаьрга олура боху: «Ас бакъдерг аларна шаьш суна реза дацахь, со елча дIайолла ма дуьйла. Оцу Пригородне олучу юьртахь, тайпана хьачарой болуш, сан ден хилла беза хьеший, церан гергара нах бу шуна. Цаьрга аш хабар дахьийтачхьана, цара, схьа а баьхкина, вуно дика дIаерзор ю шуна со. «Баа хуучунна мерза хьаьмц бу со, ца хуучунна – ира кIохцал ду», – баьхна шен хьокъехь цхьана дикачу стага…».
Йоккхачу стага – Азмана шена хIумма а ца доьхура, цунна луург дара: вешан мотт бийцарехь, берашна цIерш тахкарехь, духар хоржучохь, вовшашца йолчу юкъаметтигашкахь, хиндолче гIулчаш йохучохь, Дала хIун боху хьожуш, вай жимма ойлаеш хилар. Хьекъале дош вайна хаза а ца хеза аьлла хетара цунна.
Вай дийцинчул дуккха а сов девзара Азманна шен дех ГIирма-Солтех, ткъа иштта 108 шарахь ваьхначу шен девешех Тимарх лаьцна. Оцу шен гергарчу шина адамах долу дуккха а башха дийцарш йоккхачу стагана (коьртачу декъана) нахехула девзина. Тамашийна иза хетахь а, нахана (шен чохь болчарначул а) дика бевзаш нисло цхьаболу дика нах.
Ткъа Азманан хьокъехь къамел дерзош ала лаьа: и санна адамаш мехкан бахам санна ларало, уьш вайна юкъара дIабевлча а, хIунда аьлча: мехала ду АллахI-Делан тIедахкарш кхочушдеш баьхначийн дахаран масалш; мехала ю собарх, доьналлех ца бухуш баьхначара дахарехь йитина оьзда лар; мехала ду хьекъале дош, иза мацца аьллехь а!
ГАЙТУКАЕВ Асламбек.
Суьрта тIехь: Тозуркаева Азман
№122, шот, эсаран беттан 31-гIа де, 2015 шо