Динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментехь

   Нохчи, миччахь велахь а, гIиллакхе хила веза

 vstr-astr

    Вайн республикин Куьйгалхочун, Правительствон  Администрацин динан а, юкъараллин  а организацешца зIенаш латторан  департаментан директор Дадаев Ризван цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин куьйгалхочун Астрахански областехь  волчу векалца Озиев Байсолтица а, Астраханан ГIалин Думин депутатца Дудов Хьамзатаца а. Цара  дийцаре дира  тIекхуьуш  йолу къона тIаьхье  ийманехь кхетош-кхиоран  Цхьаалин Концепци Нохчийчоьнан арахьа кхочушъяран хьокъехь долу  гIуллакхаш.

    Департаментан директора аьлла ма-хиллара и болх Iаламат доккха маьIна долуш бу. Нохчи, миччахь Iаш велахь а, нохчийн къоман гIиллакхаш, оьздангалла, дайн Iадаташ лардеш хила  веза. Цхьана а хьолехь  дицдан мегар дац ша нохчи  хилар.

Вайн республикин Куьйгалхочун  Астрахански областехь волчу векала хаьттира  нохчий  ийманехь  кхетош-кхиоран гIуллакхана, кхечу къаьмнашца тарлуш, бертахь  лела Iаморан гIуллакхана шаьш леррина  тидам тIебохуьйтуш хилар.

 

Синтем беш дац  хьал

    Масех де хьалха департаментехь хиллачу кхеташонехь коьртачу  декъана дийцаре дира  цигаьркаш, вахош долу маларш, молханаш мийларца, могашаллина зен деш йолчу  оцу хIуманех  адамаш лардаран хьокъехь  долу  законаш кхочушдаран хьокъехь долу  гIуллакхаш. Цуьнца доьзна дийцира республикин наркологин диспансеран говзанчаша беш болчу балхах, цуьнан жамIех лаьцна. Цу хьокъехь къамел дира Нохчийчоьнан наркологин диспансеран коьртачу лоьран заместитела Айдамиров Валерийс а, Республикин  МВД-н УООП-н хьаькама Салманиев Iаьрбис. Наркодиспансеран векала дийцарехь вайн кегийрхошна юкъахь хIинца а кIезиг бац наркотикашка марзбелларш. Царна дарбалелоран Iалашонца еш реабилитацин туш ю.

     Шаьш кху шеран исс баттахь бинчух балхах лаьцна дуьйцучу  хенахь I.Салманиевс тидам тIебахийтира леррина талламаш бечу  хенахь  бIеннашкахь  вахош долу маларш, цигаьркаш схьаяьхна  хилар. Къаьсттина синтем  бойъуш ду  цигаьркаш а, вахош долу  маларш а берашний, кхиазхошний духкуш хилар. Цо дийцарехь, цу  тайпана закон  талхийначаьрга  хьокъала доллу жоп  доьхур ду, тIейогIучу  хенахь  кхин а чIагIбийр  бу  вайн  бахархойн могашалла  хIаллакъеш йолчу  оцу хIуманнашна дуьхьал къийсам дIабахьар. Цу юкъахь йоккха меттиг дIалоцур ю кхеторан  балхо.

Студенташца цхьаьнакхетар

   Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директор Дадаев Ризван цхьаьнакхийтира  М.Миллионщиковн цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан мехкадаьттанан технически университетан студенташца. Иштта, цигахь  дакъалоцуш вара оцу университетан кхетош-кхиоран балхехула проректор Гайрбеков ИбрахIим.

    Департаментан директора кегийрхошна а, мехкаршна а дийцира Мухьаррам беттан дозаллех, оцу баттахь долчу Iашуран дийнан беркатах лаьцна. Цо дийцарехь, Iашуран дийнахь (Мухьаррам иттолгIа де) АллахIа стигланаш а,  Латтанаш а кхоьллина, Адам  Пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) а кхоьллина. Къаматде а оцу Iашуран дийнахь хIуттур ду. Деза ду Iашуран дийнахь марха  кхабар, сагIа  даккхар, Къуръан дешар, тасбихь дар, Дела реза хин  волу  гIуллакхаш дар.

Мухьаррам дIабаьлча  сафар бутт бу. Цул тIаьхьа богIу  вайн Пайхамар  (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьненчу ваьлла сийлахь  РаббиIул-аввал бутт. Цунна кечам бан безарх а дийцира Р.Дадаевс.

Цхьаьнакхетар дерзош цо студенташка кхайкхам бира дика дешар, экстремистийн  идеологин Iаткъамах лардалар доьхуш.

С.ХУСЕЙНОВ

№122, шот, эсаран беттан 31-гIа де, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: