Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департамента а, Шелковски районан администрацис а вовшахтоьхна «Кунаки» аьлла долу интеллектуальни ловзар дIадаьхьира Шелковски районехь. Цигахь дакъалоцуш яра нохчийн, оьрсийн, ногIийн, гIумкхийн, туркойн-месхетинцийн командаш.
Цигахь дийцира Нохчийн Республикехь дехачу къаьмнийн кегийрхошна культура йовзарехь а, патриотизм кхиорехь а и тайпа цхьаьнакхетарш мел мехала ду.
Лакхахь билгалъяьккхинчу департаментан а, Шелковски районан администрацин а, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон а, Iилманийн Академин а векалех лаьтташ яра къийсадаларийн жюри.
Шелковски районан администрацин куьйгалхочо Израйилов Iабдулкъахира дика тIеийцира хьеший. ГIуллакх дIадолош вистхилира департаментан директор Дадаев Ризван. Цо билгалдаьккхира, вайн республикин куьйгалло кхузахь дехачу къаьмнийн цхьабарт хилийтаран некъ дIахьош хилар: «Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас ма-аллара, «Къаьмнашна юкъахь цхьабарт хилахь бен регионехь дахар маьрша хир дац». Цунах ша дика кхеташ хиларна, Ахьмад-Хьаьжас дуьххьара чIагIбина къаьмнашна юкъара барт» – дийцира цо.
Ловзарш 4 турах лаьтташ дара. Хаттарш даран кеп иштта яра: цхьана къомах йолчу тобане кхечу къоман культурех, Iер-дахарх лаьцна хоттура.
Къовсадаларехь хьалхара меттиг гIумкхаша яьккхира, гIалагIазкхаша – шолг1а меттиг, ногIаша – кхоалг1а.
Ловзарш дерзош берриге а дакъалацархошна Сийлаллин грамоташ, кхидолу совгIаташ делира.
Хь.БАХТАЕВА
№122, шот, эсаран беттан 31-гIа де, 2015 шо