«IолаллахI-IулиллахI, IолаллахI-IулиллахI» – чехка зуькар ду Эртана коьртехь дIадоьдуш, чIагаре хьийзачу Кунта-Хьаьжин (Дала къайле цIанйойла цуьнан) мурдашна тIаьхьара зуькар олуш санна хета юкъачу хьаннаша, кIоргачу Iаннаша – дерриге а Iаламо. «IолаллахI-IулиллахI, IолаллахI-IулиллахI», – Iуьйранна долийна чехка зуькар ца соцуш делкъенга дахана. Керл-керла мурдаш хIуьтту чIагаре. Саццаза тIеоьхуш ю тобанаш. Царна юкъахь беккъа божарий хилла Iаш а бац. Бераш а, кхиазхой а, зударий а, мехкарий а бу шайн верасашца цхьаьна Эртана, Кишин Кунта-Хьаьжин ненан Баба-Хедин зиярте оьхуш.
Йоккха рагI лаьтта зияртан неIарехь. Массо а тийна, таьIна ву. Цхьана а тайпа къамелаш ца хеза деккъа цхьа зуькар ду-кх хезаш. Дукхах болчеран карахь суьлхьанаш ду. ХIора а дагахь шабар-шибар деш, Далла Iаамалъеш ву. Наггахь хеза зияртан дола деш волчу Даскаев ТIахIиран а, Даскаев Сайд-Хьамзатан а кIеда-мерза, аьхна аз. Дуьххьара кхуза баьхкинчарна дара дуьйцу зиярта чохь ян езачу Iамалх лаьцна, чу-ара муха вала веза, кхидерг. Янне а йиш яцара и шиъ а, кхузарчу маьждигехь имам волу Даскаев Мохьмад а вацахьара. Мел дукха адам хиларх уьш дIасалиста, йолехь, мелехь хиндолчу кепара цаьрга зиярт дайта хаьа царна.
Тахана а ду изза хьал. Эзарнашкахь адамаш ду, бIеннашкахь машенаш ю Эртанахь а, Хьаьжин-Эвлахь а. Амма цхьана а меттехь хезаш дац чехка зуькар доцург кхин хIумма а. Лаьтта охьадиллина доккха ло делахь а, къеггина малх кхетта, декхна деанера и январь беттан доьалгIа де Эртана-Коьртехь. Цуьнан лакхаллера охьахьаьжча гуш долу дуькъа дохк сийна хIорд хеталора. И «сийна хIорд» а, хIара адамаш а, Iаьнан башха Iалам а доцург гуш кхин хIумма а дацара.
Хедин зиярте а хIиттина, доІанаш а дина юха Хьаьжин- Эвла, Хьаьжин шовдане а, Хьаьжа а, Хизир-Пайхамар а, Илес-Пайхамар а Iийначу метте а, маьждиге а охьаоьхура адамаш. Кхузахь а зияратхойн гIар-гIовгIа яцара хезаш. Лерехь лаьттара (я хезара) Кунта-Хьаьжин берийн шовкъе зуькар. БIаьргашна хьалха лаьттара чIагарехь хьийзина къаной а, кегийрхой а…
Оцу ойланашца, син хаамашца зияртера юхабоьрзура нах. Кхин кIезиг бацара зияртах марзо эца, ирс эца оьхуш берш а. Вайн луларчу Дагестанера, ГIалгIайчуьра машенаш а яра Эртана богIучу шерачу некъаца. Машен тIехъэккхачу мIаьргонехь хазаза ца юьсура цара АллахI, вайн сийлахь Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестош, Кунта-Хьаьжа хьехош олучу назмана юкъара дешнаш.
Зиярте дIадоьлхуш а, юха цигара цIехьа дирзича а массара а бохург санна беш бара Делера ял хир йолу и болх…
С.ХАСАНОВ