Корматалла лакхаяккхарна лерина…

ТаIзарш динарш тобаран Россин федеральни службин Нохчийн Республикин урхаллехь (УФСИН) дIаяьхьира Автомобильни а, гIалин  пассажирски а транспортан белхахойн денна лерина йолу шоферийн корматаллин      говзалла лакхаяккхаран 1алашо йолуш д1аяьхьна конкурс. Цигахь дакъалоцуш вара урхаллин хIора учрежденин а, декъан а цIарах цхьацца векал, омрица  автотранспортана тIечIагIвина волу верриге а ялх стаг.

    Къийсадаларш дIадуьйладалале хьалха урхаллин хьаькаман цIарах гулбеллачаьрга маршалла хоттуш, къамел дира конкурс дIаяхьаран комиссин председатела №4 йолчу товаран колонин автобазин хьаькама чоьхьарчу службин капитана Магомадов Казбека.

Къийсадаларш дIадаьхьира кхаа декъехь. 1-чу декъана юкъайоьдура некъашкахь дIасалеларан кхерамазаллин бакъенаш йовзаран  конкурс, 2-чу декъана юкъадог1ура автомобиль йовзарх лаьцна долу хеттарш, 3-чу декъехь яра автомобиль лело хааран  конкурс.

Къийсадаларийн толамхой билгалбохура яьхначу гIуданан баллийн барамца, уьш уггаре а лахара ерш толамхо лоруш. Билгалйина яра кхо меттиг: хьалхарниг, шолгIаниг, кхозлагIниг.

Къийсадаларш дIадаьхьира нах тобаран учрежденешкахь транспорта тIехь болх беш болчу белхахойн кхетам, машен лело хаар, некъашкахь дIасалеларан бакъенаш йовзар лакхадаккхар Iалашо йолуш.

Конкурсан жамIашца кху шарахь а 1-ра меттиг яьккхира урхаллин таIзарш динарш тобаран отделенин лакхарчу инспектора чоьхьарчу службин майора Джималиев Аюба, 2-гIа меттиг – урхаллин шофера Муталиев Хьусейна. Яьхначу гIуданан баллийн жамIашка а хьаьжна, комиссис сацам бира кхозлагIа меттиг цхьанна а ца яла.

Толаман меттигаш яьхначарна Россин ФСИН-н Нохчийн Республикин урхаллин хьаькаман Сийлаллин грамотаца а, баркаллин кехаташца а совгIат дира.

С.ЛАЛАЕВ

 

№122, шот, эсаран беттан 31-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: