ТIаьхьарчу хенахь автотранспорт лелачу вайн некъаш тIехь алсамъевлла «лежачий полицейский» аьлла халкъалахь цIе яхана йолу некъан дуьхьалонаш. Дуьххьара уьш ян йолийра дешаран а, могашалла Iалашъяран а учрежденешна юххехь. Бераш, цомгаш нах дIасалелачу меттигашкахь уьш хилар кхеташ дара. ХIунда аьлча, некъан дуьхьалоно юхатухуьйта машен сиха хахкарна новкъарло йо. Оьрсийн маттахь «искусственная неровность» олуш йолчу некъан дуьхьалонан хьокъехь нормативни акт тIеэцна 2008-чу шарахь. Цу тIехь ма-дарра яздина ду , куьйга йина дуьхьало муха хила еза. 7сантиметр лакхалла а, машенаш дIасалела билгалъяьккхина йолчу шораллел кIезиг йоцуш йохалла а йолуш хила еза иза. ХIора «полицейскина» хьалха хIоттийна некъан билгало а, лаьттарчу дуьхьалонна тIе хьаькхна, басар а хила деза. Дуьхьалонна тIекхачале, къаьсттина буьйсанна, машен тIехь волчу водителан бIаьрг цунна тIе хIоттийта дан деза иза. Цо ларво хила тарлучу некъан хьовзамах.
Вайн некъаш тIехь йина. «искусственни новкъарлонаш» шина тайпана ю. Силамах йинарш а, резинокордови олуш ерш а. ШолгIанаш асфальтах йинчул дика лоруш ю. Машен кхосса а ца луш йолу царна тIехула. Цул сов, резинокордови дуьхьало муьлхха а некъан болх беш (некъан тIера ло дIадоккхуш, иза цIанбеш, керла некъ буьллуш) схьаяккхалуш ю.
Некъан дуьхьалоно машенаш сиха хахкаран таро дIайоккхуш хиларе терра, законо магийна ду уьш яхка. Муьлххачу а вахархочун бакъо ю мэрехь некъан гIуллакхаш вовшахтохаран отделе, кхерамечу меттехь иза яйтар доьхуш, заявлени дала. И гIуллакх къобал дина хила деза ГИБДД-хь а. Мэрин а, Пачхьалкхан инспекцин а цу декъехь барт хила беза. ТIаккха бен ян йиш яц «некъа тIехь и «баръер» ян.
Адамашна некъан бохам хила тарлучу меттехь бен (школаш, больницаш, поликлиникаш…) дуьхьалонаш ян магийна дац. Иза иштта доллушехь, цхьаболчу бахархоша тIекIелдинчу цIеношна а, долахьчу цIеношна хьалха, Iедалера бакъо а йоцуш, шайна луъучу агIор некъан дуьхьалонаш йо
Законехь йоцу дуьхьалонаш новкъахь ца яйта, некъан службашца цхьаьна ГИБДД-н белхахоша талла деза гIалийн а, яртийн а некъашкара хьал. Водительшна дIасалела яккхий новкъарлонаш еш болчу «полицейскишна» бина ца Iаш, дIахIиттийначу некъан билгалонийн, светофорийн, таллам бан беза. И дерриге тидаме а эцна, некъан службашна кхачамбацарш дIадахар тIедожо а деза, шарахь цкъа мукъане а.
И санна дуьхьалонаш дукха нисло вайн Соьлжа-ГIалин юккъерчу урамашкахь. Масала, Абдурахманов Дукхувахин (хьалха Пионерски) цIарах болчу урамехь йина 8 дуьхьало ю.
Соьлжерчу Автобусни урамехь, масех дуьхьало ю. Хьаькхна басар дац я уьш хилар хоуьйтуш, некъан билгало а яц. Кхечу урамашкахь а ду цунах терра хьал. Шайн бераш бохамах лардан лууш болчу бахархоша кхерамазаллин дуьхьалонаш яр новкъа дац, машенаш тIехь лелачу водителийн ойла а йина, цара «полицейскиш» новкъахь хилар хоуьйтуш, билгалонаш хIиттийча, некъан дуьхьалонаш хила езачу агIор тояйтича дика хир дара.
Б.ДУДАЕВА
№122, шот, эсаран беттан 31-гIа де, 2015 шо