Терроризмаца а, экстремизмаца а къийсам дIахьо

ХIокху деношкахь А.Айдамировн цIарахчу къоман библиотекехь экспертни «Грозный» клубо кхузаманан Кавказан политикин туьшаца цхьаьна кхеташо дIаяьхьира. Иза лерина яра «Къилбаседа Кавказехь къаьмнашна юккъерчу юкъаметтигашкахь деструктивни боламаш ца хилийтарехьа гIуллакхаш дар»  темина.IMG-20151017-WA0036

Цигахь дакъалецира Къилбаседа Кавказан Федеральни округан субъектийн гIуллакхерчу наха, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас Алиев Тимура, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран гIоьнчас Петухов Олега, Нохчийн Республикин къаьмнийн Ассамблейн кхочушдаран комитетан председатела Алхазуров Мохьмада, оццу Ассамблейн советан председателан заместитела Акаев Вахитас, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин председатела Батаев ГIайрсолтас, Нохчийн пачхьалкхан университетан проректора Мазаева Тамарас, кхечара.

Кхеташо дIахьош вара экспертни «Грозный» клубан куьйгалхо, Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанин интернет-редакцин шеф-редактор  Ефремов Дмитрий. Массаьрга маршалла хаьттинчул тIаьхьа, цо роггIана дош делира кхеташонан дакъалацархошна.

«ТIаьхьарчу хенахь экстремизм, терроризм яьржина. Халахеташ делахь а, цхьаболу кегийрхой атта Iехало харцахьа новкъа бевллачарех. ХIун бахьана ду  уьш цу новкъа бовлуш, хиларан –? олий хаттар кхоллало. Цундела, уггаре а коьрта ду, и бахьанаш гучудара уьш цахилийтар», – элира Акаев Вахитас.

Шен докладехь Дагестан Республикин зорбанан а, хаамийн а министран заместитела Зубайруев Зубайрус дийцира: «Кегийрхой – вайн къоман кхане ю. Царах хIораннах а дог лозу вайн. Уьш зуламечу новкъа бовларна а кхоьру вай. Уьш вочу тобанех дIакхетаран тайп-тайпана бахьанаш хила тарло. Бакъду, вайна гинчу тIеман, вай лайначу мацаллин, тIеман къизаллин чам ма-барра шайна бевзинехь, харцахьа новкъа бовла царна цкъа а дагадогIур дацара».

Шаьш докладаш йинчул тIаьхьа, кхеташонан дакъалацархоша «Грозный» телевиденехь «Кавказская перспектива» цIе йолу ток-шоу дIаяьхьира.

З.ЛОРСАНОВА

Авторан суьрта тIехь: кхеташонан дакъалацархой

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: