Вай масал гайта деза

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан  куьйгалхоша а, говзанчаша а денна ала мегар долуш цхьаьнакхетарш дIахьо  регионерчу  министерствийн, ведомствийн, предприятийн, организацийн, учрежденийн коллективашкахь. Цигахь дийцаре до, коьртачу декъана, къона  тIаьхье  ийманехь, оьзда, гIиллакхе, эхь-бехк долуш, Даймахке безам  болуш кхетош-кхиоран хьокъехь  долу гIуллакхаш.ter-razv

   Иштта, масех де хьалха департаментан директор Дадаев Ризван цхьаьнакхийтира экономика а, мохк а  кхиоран,  махлелоран  министертвон куьйгалхошца а, говзанчашца а. Царна хьалха  къамел дечу  хенахь  Р.Дадаевс дийцира Нохчийчоьнан къона тIаьхье  ийманехь  кхетош-кхоран Цхьааллин Концепци кхочушъяран декъехь  бечу  балхо лелочу  мехалчу  маьIнех лаьцна. Оцу белхан мехалла  къаьсттина  лакхайолу  экстремизман а, терроризман а идеологашна  дуьхьал  дIахьош болу къийсам  жигарабаьккхинчу хIокху  муьрехь. Цо аьлла ма-хиллара, хIинца а сацийна  дац оцу  идеологаша кегийрхой, харц хьехамаш барца, Iехош террористийн гIеранашна  юкъаийзор. Цо вайгара  лоьху жоьпалла  кхин а лакхадаккхарца  къахьегар.

Цуьнца цхьаьна вайн халкъан сагатдеш болчу лазамех цхьаъ бу кегийрхой наркотикашка марзбалар. Къонанаш ийманехь,  оьзда, гIиллакхе кхиоран коьрта жоьпалла дай-наношна  тIехь ду. Цундела цара шайгара дика масал а гойтуш Iамо деза шайн бераш. Дена-нанна хаа деза шен хIусамера араваьлла кIант а, йоI а хIун лелош  ду, уьш муьлххачу некъашца  лелаш бу, цара доттагIалла хьаьнца леладо, церан уьйр-марзонаш хьаьнца ю, царна дезарг, цара пебеттарг хIун ду. «Иза а хууш, хаддаза  царна тIехь терго латтош хилча  бен  вайга къонанаш ларлур  бац  экстремистийн боламийн  тIеIаткъамах наркотикашка, корта  бахош  долчу  молханашка  марзбаларх»,– бохура  Дадаев Ризвана. Цо дийцарехь, чIогIа  мехала  ду дас-нанас шаьш шайн доьзалшна дош  хетийтар, церан шайга сий-ларам  хилийтар. Ткъа и мехаллаш  берашкахь  царна  мотт Iама болабале дуьйна кхион еза. ТIаккха царах дай-наношна накъостий, гIортораш хир ю, юьртана а, махкана а хьалха юьхькIам хир бу.

Цхьаьнакхетар дерзош министерствон куьйгалхоша Дадаев Ризванан баркалла элира чулацаме, хьикмате  къамел дарна а, шаьш  долчу варна а. Цуьнга  юха а кхуза  вар а дийхира цара.

Д.ПАШАЕВ

 

№122, шот, эсаран беттан 31-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: