Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира мехкан Къоман политикин стратегина лерина йолу семинар-кхеташо. Цигахь дакъалоцуш вара Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолу векал Меликов Сергей а, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, иштта кхечу субъекташкара баьхкина хьеший а.
Шен къамелехь Р.Кадыровс билгалдаьккхира Нохчийн Республикехь пачхьалкхан къоман политикина боккха тидам беш хилар. «Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин коьртачарех цхьа некъ бара иза. Субъектера юкъараллин-политикин хьал цигахь дехаш долчу къаьмнийн барте хьаьжжина хуьлуш ду. Оха чIогIа лардо кхидолчу халкъийн культураш лараран тхайн ламасташ», – элира цо.
Иштта, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо дийцира регионехь дехаш долчу къаьмнаша мохк кхиорехь а боккха болх дIахьош хиларх лаьцна: «Республикехь къаьмнийн культурийн туьшаш а, къаьмнийн юкъараллин цхьаьнакхетараллаш а ю болх беш. ТIекхуьу чкъор кхиорехь, махкахь барт латторехь цара боккха болх а бо».
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира республикин 1едална а, бахархошна а вайн махкахь машар а, барт а ларбан ницкъ, кхетам тоьаш хилар.
Цул тIаьхьа, Меликов Сергейс, Россин Президентан т1едиллар кхочушдеш, Кадыров Рамзанна «Сийлахьбоккхачу Даймехкан тIамехь толам баккхаран – 70 шо» цIе йолу иэсан мидал елира.
Семинар-кхеташонехь дийцаре дира махкана чIогIа лазаме а, коьрта а долу хаттарш: цхьайолчу регионашкахь маьждигаш цадайтар а, Шемахь къизалла лелош йолчу «Иблисан пачхьалкх» тобанах дерг а.
«Нохчийчохь цу хьокъехь цхьа а проблема яц. Амма Россера цхьайолчу регионашкара сих-сиха хаамаш кхочу тхоьга, цигахь маьждигаш дан латтанаш ца ло бохуш. Иза нийса дац. Иза нийса цахиларал сов, «кхана» цуьнца доьзна дов кхолладала а, вайн мостагIаша и хаттар вайна дуьхьал даккха а кхерам бу», – йовзийтира шен ойла Р.Кадыровс.
Шемахь Iазап латтош йолчу террористически тобанах «Исламан пачхьалкх» аларан хьокъехь вистхиллачу Нохчийн Республикин Парламентан спикера Даудов Мохьмада элира: «Цу харц тобанах вайн шуьйрачу хаамийн гIирсаша «Исламан» аларо, Россин 20 миллион сов волу бусалба вахархо холча хIоттаво. Ткъа «Исламан» аьллачул тIаьхьа цунах «Пачхьалкх» аларца вай церан «сий» айдо. Иза сацо деза, лакхара охьа омра а деш».
КхидIа, Россин регионийн векалша докладаш йинчул тIаьхьа, семинар-кхеташо ерзийра.
И.ХАСАХАНОВ
Авторан сурт
№122, шот, эсаран беттан 31-гIа де, 2015 шо