Нохчийчохь дешаран туш юьллур ю

Соьлжа-ГIала веана хилла Россин Президентан Къилбаседа Кавказан Федеральни  округехь  Юьззина бакъонаш йолу векал Меликов Сергей а, къаьмнийн гIуллакхийн  федеральни агентствон куьйгалхо Баринов Игорь а  хьаьвсира лерринчу  Iалашонан ницкъийн  Дуьненаюкъара  дешаран туш яр дIадахьаре.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьешашна гайтира туьшан макет. Иза еш ю Гуьмсена юххехь. Туьшахь  ду иттаннаш цIенош, гIишлош, хIусамийн цIенош а долуш, йоккха йоцчу  гIаланах тера ю иза. Кхузахь  лерринчу  Iалашонан бIаьхоша  Iамор ду  хила тарлуш болу мостагIий  хIаллакбаран  гIуллакхаш.

Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцира дешаран туьшахь герз тоха Iаморан  тайп-тайпана масех меттиг хирг хиларх лаьцна. Проектаца иштта билгалдеш ду аэродинамически корпус а, парашютно-десантни туш а, авиацин ангараш а, спортан гIишлош а яр. БIаьхой кечбан туьшахь иштта кечйина лаьмнаш  а, хьаннаш а йолу кхо меттиг.

Дешаран туьшахь бIаьхошна дерриге а хьелаш кхуллур ду деша а, тренировкаш ян а, даха а. Цунна билгалдеш ду чохь дахаран дерриге а хьелаш долу хьешацIа  дар.

С.МАДАЕВ 

 

№122, шот, эсаран беттан 31-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: