Соьлжа-ГIаларчу «Колизей» спорткомплексехь Кегийрхойн дуьненаюкъара «Грозный – 2015» форум дIаяьхьира. «Кхузаманан кегийрхой: таронаш а, Iалашонаш а» аьллачу темица дIаяьхьначу форумехь дакъалоцуш кхо эзар сов жима стаг а, зудабер а дара.
Форуман дакъалацархошка а, хьешашка а маршалла хоттуш, вистхилира Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар. «Тахана кхузахь цхьаьнакхетта вайн мехкан тайп-тайпанчу регионашкара а, дозанал арахьарчу мехкашкара а Iилманан, юкъараллин организацийн а, бизнес-юкъараллийн а векалш болу кегийрхой. Со тешна ву, хIокху форумо шуна керла таронаш кхуллург хиларх а, шайн хьуьнарш гайтарехь, шайн ойланаш, проекташ кхочушъярехь шун аьтто бийриг хиларх а», – элира цо.
Нохчийн Республикин векалшна юкъахь вара экономикин Iилманийн кандидат, Нохчийчоьнан къоначу Iилманчийн а, говзанчийн а советан председатель Салгириев Рустам, технически Iилманийн доктор, Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетан Iилманан балхехула а, инновацешкахула а волу проректор Минцаев Мохьмад, юьртабахаман Iилманийн доктор, профессор, Агротехнологийн институтан директор Батукаев Iабдул-Малик, Нохчийн Республикин экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министерствон инвестицийн белхан а, кластеран политикин а департаментан директор Садыков Мохьмад, республикин Куьйгалхочун хьехамча, кхузза олимпийски чемпион, гIараваьлла спортсмен Сайтиев Бувайсар, гIараваьлла нохчийн бизнесмен Байсаров Руслан, кхиберш.
Цул т1аьхьа къоначу предпринимателийн «Базар» ц1е йолу гайтам хилира форумехь.
Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, форуман хьешаша а дакъалецира Соьлжа-ГIалин дуьненаюкъарчу университетан гIишло ярна лаьтта буха («капсула») ботт юьллуш дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь. Цигахь, шен къамелехь, Кадыров Рамзана билгалдаьккхира дуьненаюкъара университет – иза Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн вежараллин халкъера нохчийн халкъана а, ерриге а Россина а совгIат хилар. Университетан гIишлонан ларда буха ботт йиллинчул тIаьхьа, «Колизейхь» кегийрхойн форум ерзоран дакъа дIадаьхьира.
А.ВАХАЕВА
№122, шот, эсаран беттан 31-гIа де, 2015 шо