Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос Радион цIийнехь билгалдаьккхира Кишиев Кунта-Хьаьжа махках ваьккхина де.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Указца 3-гIа январь, Кунта-Хьаьжин лерам баран де аьлла, билгалдина ду.
1864-чу шеран 3-чу январехь Россин паччахьан Iедало, лаьцна, махках ваьккхина, Новгородан губернерчу Устюжино гIала дIавигна хилла вевзаш волу, вайн махкахь къадарин тIарикъат даржийна волу Иласхан-Юьртара Хьаьжа. Цул сов, вайн пайхамар Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вина РабиIул-Аввал бутт тIекхачарна лерина а дара цхьаьнакхетар.
Цигахь дакъалоцуш вара лакхахь билгаляьккхинчу ведомствон министр Жамалдаев Шаид, республикин муфтин заместитель Хирахматов Хьамзат, Iеламнах, къаной.
Цигахь мовлад дийшира, иштта дийцира Кунта-Хьаьжин дахарх а, цуьнан хьехамех а лаьцна.
Р.Мусипов
И.Эстамировн сурт