2015-чу шеран 20-чу ноябрехь вайн махкахь билгалдоккхуш ду Берашна бакъонаш йовзарехь гIо даран Ерригроссин де «Россин Федерацехь маьхза юридически гIодарах лаьцна» долу Федеральни закон кхочушдаран гIуллакхийн Правительствон комиссин сацамца 2012-чу шарахь чIагIдина ду иза.
Берашна гIо даран денна кечамаш бар Россин Федерацин юстицин министерствона а, цуьнан регионашкахь йолчу органашна а тIедиллина ду. И де билгалдаккхаран Iалашо ю буоберашна а, ден-ненан Iуналла доцуш дисинчу берашна а, церан законехь болчу векалшна а, ден-ненан Iуналла доцуш дисина бер кхио шайн доьзале эца лууш болчарна а, берашна-заьIапхошна а, церан дай-наношна а маьхза юридически гIодар.
Берашна гIо даран де билгалдаккхарехь дакъалоцу Россин Федерацин субъекташкахь берийн бакъонашкахула болчу векалша а, Россин таIзарш кхочушдаран федеральни службо (ФСИН) а, Суьдан пурстоьпийн федеральни службо (ФССП) а, дешаран а, къинхьегаман а, социальни лардаран а органаша а, нотариальни а, адвокатийн а организацеша а, Ерригроссин юкъараллин «Россин юристийн ассоциаци» организацис а.
Билгалдаьккхинчу денна лерина цхьаьнакхетарш дIахьош ду вайн республикин тайп-тайпанчу учрежденешкахь а, ткъа иштта Россин кхийолчу регионашкахь а. Кху шеран 20-чу ноябрехь лакхахь билгалдаьхначу берашна а, церан дай-наношна а, церан Iуналла деш болчарна а маьхза юридически гIо дийр ду республикин Дуккха а хьашташ кхочушдаран туьшашкахь (МФЦ) а, Iуналла а, терго а яран органашкахь а. Цул сов, Россин таIзарш кхочушдаран федеральни службин Нохчийн Республикехь йолчу урхаллехь а, Республикин адвокатийн палатехь а маьхза юридически гIо дийр ду суьде озийначу кхиазхошна. Иштта, маьхза юридически гIодар дIахьур ду республикин лаккхарчу дешаран заведенешкахь а, Нотариальни палатехь а, Юстицин министерствехь а, кхийолчу учрежденешкахь а.
№122, шот, эсаран беттан 31-гIа де, 2015 шо