Тахана, хаддаза долу зов санна, массеран а лерехь дека «Иблисан пачхьалкхо» хIора дийнахь бохург санна деш долу зуламаш. Адам цецдоккхуш ю цигара яьржаш йолу акхаралла, къизалла. ДIадаханчу бIешеран ткъеитталгIачу шерашкахь санна дуьненахь даьржаш ду Iаьржа ун.
Бакъ дин чIагIдо бохуш Исламах байракх а йина, цунна кIел хIиттабо кхетам чIагIбалаза берш, хазачу хабарех Iехабелларш. Царна хьожа ца йогIу боьхачу хIуманах, шайн олаллина кIел нисделлачу латтанаш тIехь цара хьаьшна дIаяьхна адамийн ерриге а бакъонаш: хIорангахь а йисинарг цхьа бакъо ю – тIехь куьйгалла дечун омра иза нийса хиларх, цахиларх цхьа а тайпа шеко кхоллаялийта йиш йоцуш кхочушъяр.
Оцу дерригенан хьесапаш деш шашаха дагтIе тосу Россин Президента Путин Владимира ООН-н Генеральни Ассамблейхь дукха хан йоццуш ша динчу къамелехь аьлла дешнаш: «хIинца мукъана а кхеттий шу шаьш динчух? Иза доьзна дара герггарчу Малхбалера а, Африкера а бIеннаш эзарнаш мигранташ малхбузерчу пачхьалкхашка чубахкарца, оцу мехкашкахь хIоьттинчу чолхечу хьелашца. Мелла а кхетта богIучух тера хийтира Великобританин оцу шерашкахь премьер-министр хиллачу Блэра аьлла дешнаш хезча. Иза къера хилира «Иблисан пачхьалкх» кхоллаяларна шена юкъахь коьрта декъашхойх цхьаъ Великобритани а йолуш, США-с вовшахтоьхна коалици бехке хиларна. Цуьнан коьрта бахьана дара, хIун ю а ца хууш йолу кIайн порошок ООН-хь а гойтуш, бух боцуш кхоьллинчу эладиташна тIе а тийжаш, Иракехь 2003-чу шарахь болийна тIом. Дерриге а дуьненна бале йовлуш лаьтта цуьнан тIаьхьенаш. Iамарк шен «демократи» дуьненахь яржо гIертаран тIаьхьенаш яра уьш.
Иза иштта хилар гайтира иблисийн тоба Iаламат сихачу боларшца стамлуш цул тIаьхьа даьхкинчу шераша. Шемахь оццу Iамарко Iедална, ма-дарра аьлча, цуьнан президентана дуьхьал хIоттийра герзаца ша кечйина оппозици. Уггаре а цецвоккхуш дерг дара цунна лерина дохьуьйтуш хилла герз, долларш, тайп-тайпана техника дукха хан ялале ИГИЛ-н декъашхойн карахь хуьлуш хилла хиларх. Цу тIе «Иблисан пачхьалкхаца» ша къийсам латтош ю бохуш цхьана агIор США-с деш «дIахьедарш» а долуш. Дийнна шарахь цо а, цуьнан хьадалчаша а латтийначу къийсаман хьакъ боллу мах хадийра дерриге а дуьненан юкъаралло. Оцу хенахь коалицин дан ницкъ ца кхаьчнарг Россин ВКС-н хIаваакеманаш цхьана кIиран чохь дан ларийра.
Ма-дарра аьлча, иблисашца латтош болу къийсам дIахьош ерг тахана Росси ша цхьаъ бен яц. Селхана и ун даржорна гIо динарш коьртачу декъана юьстах лаьтта, моттаргIанаш лелор бен кхин деш хIума доцуш. Ткъа оццу хенахь террористаша дикка жигарадаьхна шайн ямарта гIуллакхаш. Малхбузера кхочуш болчу хаамаша тоьшалла до цхьаболчу мехкашкахь уьш гучубевлла хиларна. Делахь-хIета, «Европехь леладоладелла гIаларт». Кхолладеллачу хьоло синтемана меттиг ца юьту Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна. Цунах кхета хала дац. ХIунда аьлча цунна дика девза и ун, ша жигара къийсам латтийна терроризмана дуьхьал. Дика евза цуьнан къизалла, ямартло. Цундела тахана маьрша дехаш ду нохчийн халкъ, шен экономика, культура, социальни дакъа кхиош, дахаран хьал тодеш.
Иштта дахар тIейогIучу хенахь а хилийта Iалашо йолуш бара терроризман ямарта гIуллакхаш жигарадовла тарлуш хиларца доьзна нуьцкъаллин органийн белхахошка а, бахархошка а бина кхайкхам. Цунна хетарехь, террористийн «Иблисан пачхьалкх» организаци шен таронаш Нохчийчохь зен гIорта тарло. Цундела кхерамазаллина кхачояр коьртачу декхарех цхьаъ хилла дуьсуш ду регионан куьйгаллина а, бакъонаш ларъяран органашна а. «Иблисан пачхьалкхан» цхьа а декъашхо вайн лаьтта тIе ца ваийтархьама дерриге а дан дезаш хилар дIахаийтира цо.
Изза Iалашо йолуш дара вен кхиэл яр оьшуш а, ца дича ца долуш а гIуллакх хиларан хьокъехь дина дIахьедар а.
Бакъду, «Iехабеллачарах, дохкобевллачарах» иза хьакхалуш дац иза. И тайпа кхиэл ян йогIу шайн могIаршка адамаш юкъаийзош болчарна а, бакъ дин сийсаздан гIертачарна а. Кадыров Рамзанна хетарехь, Росси ша нуьцкъала, шен лаамехь пачхьалкх хиларе терра юхахьежа оьшуш дац дуьненан юкъаралле, хIунда аьлча терроризман кхерам дуьххьалдIа вайна, Россин халкъашна хиларна.
«Дукхах йолчу пачхьалкхаша вайна иштта а схьакхайкхийна санкцеш, – бохура регионан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дукха хан йоцуш чоьхьарчу гIуллакхийн министерствехь хиллачу кхеташонехь. – Малхбузенна, Европина оьшуш яц нуьцкъала пачхьалкх. Цигахь болчарна оьшу шайга урхалла далун дерг. Цундела со даггара тешна ву, нагахь оьшуш елахь, Пачхьалкхан Дума хьажийта законопроект президента хьалха хIотториг а, цуьнан депутаташа гIолоцург а хиларх. Мацца кхаьчна а цкъа цу тIе кхача дезаш ду вай. Нагахь Шемара гIуллакх сихха дIа а доьрзур ду, вайн пачхьалкхан кхерамазаллина цо Iаткъам а бийр бац аьлла вайна хетахь, иза гIалат ду. Дуьйцийла йоццуш бийр бу Iаткъам. ИГИЛ-н тоба, хьалхарчу рогIехь, Россина дуьхьал яккха кхоьллина ю».
Доккхах долчу декъана Iилманан политически кхетаман а, идеологин а Туьшан генеральни директор Сулакшин Степан реза ву Нохчийн Республикин Куьйгалхочо хьалха хIиттош долчу гIуллакхана. Цуьнца цхьаьна цо тидам тIебохуьйту террористашна байъа кхиэл яре болу кхайкхамаш хьалха а бина хилла хиларна. Iилманчас дагадоуьйту террористийн гергарчарна таIзарш даран, уьш шайн хIусамашкара арабахаран зеделларг Нохчийчохь хилар. Цуьнца резабоцурш хиллехь а, амма, билгалдаккха деза, терроризмаца латточу къийсамна оцу кепара тIедахаро шен дика тIаьхьенаш елира. Республика дикка цIанъелира ямартлонан новкъа хIиттинчарах. Цунна къеггина тоьшалла ду таханлера синтеме дахар.
Россехь дихкина ду вен кхиэл яр, иза дарна моратори юкъаялийна. Тахана уггаре а лакхара таIзар дуьненахь йоккхуш йолчу хенахь чохь валлор ду. Вайн махкахь иза юкъаялийра Ельцин а, цуьнан хьадалчаш а демократех ловзарш дан буьйлабеллачу шерашкахь. Иштта лехам хьалха хIиттабора шайна юкъаозо дагадеанчу европейски организацеша. Тайп-тайпана кепаш юкъа а ялош, тахана вайга доьху организацешкара дIадовлар, «Йоккхачу бархIаннана» юкъара дIаяккхарца, парламентийн а, европейски кхечу а организацешкахь куьйга бакъо яйарца. Цундела, Кадыров Рамзана билгалдаьккхина ма-хиллара, нуьцкъалчу пачхьалкхана оьшуш бац Европо беш болу «хьехамаш», дуьненан пачхьалкхийн зеделларг хьесапе эцча-м муххале а. ДIахьовса шайна шен «демократи» хьена коча тосур яра ца хууш хьераяьллачу Iамарке. Цхьаьннан а хама-пусар ца деш, йогIу аьлла хетачохь вен кхиэл йо цигахь. Оццу новкъа йогIуш ю Чина. ЦIерш яьхнарш, гуш ма-хиллара, яккхий пачхьалкхаш ю. Цигарчу куьйгаллаша шайна ма-хетта къастабо шайн мехкийн кхоллам.
ХIора мехкан а бу шен кхоллам, кхиаран шен некъ. Россис хаьржинарг цхьаннах а тера боцуш шен башхалла йолуш бу. Иза хьесапе эца деза аьлла хеташ ву вайн республикин куьйгалхо. Махкахь политикехь долу хьал хийцаделла. Цо лоьху терроризмаца латточу къийсамехь билггал гIуллакхаш дар. Цундела кхойкху Кадыров Рамзан, терроризмаца, цуьнан муьлхха а тайпа гучудийларшца жигара къийсам а латтош, мехкан халкъашна маьршачу дахарна кхачояре, адамийн синтемана тешаме гIарол хIотторе. Россин куьйгаллехь а, юкъараллехь а цуьнан шуьйра гIолацар карориг хиларх цхьа а тайпа шеко а ца кхоллало.
Л.МАГОМАЕВ
№122, шот, эсаран беттан 31-гIа де, 2015 шо