Иракан 1едалан эскарша «Иблисан пачхьалкхан» г1еранашкара схьаяьхна шайн махкара мехкадаьтта доккхуш йолу ерриге а бохург санна меттигаш. Х1инца уьш ларъеш ду эскарш.
***
Испанин Малаги бохучу меттигана уллехь хи буха дахана жима х1ордакема. Цу т1ехь хиллачу мигрантех 40 стаг карош вац.
***
Швецехь юха а ягийна мигранташ ханна д1атарбина хилла меттиг. Х1инца 14-г1а тесна шведаша мигранташ 1аш болчу меттигашка ц1е.
***
Россин кеманаша т1аьхьарчу цхьана-шина дийнахь «Иблисан пачхьалкхан» Шемахь йолчу объекташна б1е сов тохар дина. Йохийна командни пункташ а, герзаш 1алашдеш хилла складаш а.
***
Чинин компартин рог1ерчу Пленумехь т1еэцна чинахойн х1ора доьзалехь шишша бер хила йолу бакъо. Х1инццалц дихкина дара цхьана доьзалехь цхьаннал сов бер хилийтар.
***
США-н пачхьалкхан секретарь Джон Керри кхана, 1-чу ноябрехь Казахстане ваха а, оцу мехкан Президентаца Н.Назарбаевца цхьаьнакхета а лерина ву.
***
Селхана, 30-чу октябрехь Душанбехь (Таджикистан) цхьаьнакхийтира СНГ-на юкъабог1учу мехкийн премьер-министраш. Цара дийцаре дира вовшашца йолу з1енаш ч1аг1ъяран хьокъехь долу г1уллакхаш.
***
Евросоюзо беа баттана д1аяьхна Белоруссина дуьхьал йина хилла санкцеш. Бакъду, оцу пачхьалкхана герзаш дохка бакъо цкъачунна луш яц.
***
Молдовин Парламенто отставке хьажийна В.Стрельцан Правительство. Цу тайппана парламентареша кхочушбина Кишиневехь д1аяьхьначу митинган дакъалацархойн лехам.
***
Донецкан а, Луганскан а республикин бахархошна гуманитарни г1о хьош яхана хилла Россин МЧС-н машенийн ковр вайн махка юхаеана.
***
Россин Президент В.Путин х1окху деношкахь цхьаьнакхийтира Сербин Президентаца а, Францин экс-президентаца а.
***
Сербера вайн махка дохьуш долчу юьртан бахаман сурсаташ т1аьхьарчу цхьана шарахь 40 процентана гергга алсамдевлла.
***
Россин фармацевтан рынкехь долчу молханех вайн махкахь динарш 58 процент бен дац. Церан барам лакхабаккха безаш хилар д1ахьедира кху деношкахь премьер-министра Д.Медведевс.
№122, шот, эсаран беттан 31-гIа де, 2015 шо