Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствехь школийн библиотекаш кхиоран хьокъехь семинар хилира. Цигахь дакъалоцуш школийн библиотекарш бара. Семинаран тема «Россин школин библиотека: Iалашонаш, сатийсамаш» аьлла яра. Школийн библиотекаш кхиорехь тIеIитталуш долу хаттарш а, дIадаха деза кхачамбацарш а дийцаре дира цигахь. Семинаран дакъалацархоша докладаш йира «Ерригроссин школийн библиотекарийн XI-чу форуман белхан жамIаш», «Михайловски книгаешар – 2015», «Хаамийн технологеш», «Берийн а, кхиазхойн а книгаешаран проблема», «Литературин шарна лерина Москвахь берийн литературин гайтам», иштта кхечу темашна лерина а.
Къаьсттинчу тидаме эцна дийцаре динчу гIуллакхашна юкъахь дара генарчу районашкахь йолчу школийн библиотекашкара хьал а, оцу бибилиотекийн балхана хаамийн-коммуникацийн технологеш юкъаялор а.
Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран гIоьнчас Серганова Зинас билгалдаьккхира: «Школийн библиотекарша жигара дакъалаца деза Ерригроссин а, регионашна юкъахь а хуьлучу форумашкахь а, конкурсашкахь а. Инновацин кепаш йовзарна тIехь беркат долу царах, цул сов библиотекарийн зеделларг а алсамдолу».
Цундела массо а цхьана ойланна тIевеара: библиотекарш кхиорна уггаре а хьалха оьшуш ерг иза белхан план а, низам а лардеш болх бар а, библиотекийн хьелаш кхузаманан лехамашка хьаьжжина, ницкъ кхочучу барамехь дIанисдан а деза. Библиотека хаамийн, культурин туш хилла дIахIотта еза, берашна дешарехь гIоьнча а йолуш, кхио еза библиотекаш. Тоян еза техникица а, книгашца а йолу агIонаш. Дешархойн хаарш, культура кхиош, уьш шайн дешар а, садаIар дIахьочу меттигах санна болийта школийн библиотекийн фондаш а, куц а, хьелаш а кхио деза.
З.ХИЗИРОВА
Авторан сурт
№123, шинара, лахьанан беттан 3-гIа де, 2015 шо