Нохчийн пачхьалкхан Х.Нурадиловн цIарахчу къоман театрехь гуьржийн яздархочун, сценаристан Иосилиани Отиа Шалвовичан «Ворда хаьрцича – некъ карийна» трагикомедин бух тIехь хIоттийначу спектаклан премьера хилира. Театр, литература езархошна даима а кхаъ хуьлу шайна евзачу говзаран сценари язйина, сцени тIехь ган аьтто хилча. Цунна дара театран зал хьовсархойх юьзна хилар а.
Спектакль хIоттийнарг вара Россин Федерацин халкъан артист, Россин Федерацин пачхьалкхан совгIатан лауреат, режиссер Хакишев Руслан, иза мукъамашца кечйинарг – С.Дудиев, гуьржийн къоман хелхарийн балетмейстер Нохчийн Республикин хьакъ волу артист – С.Магомадов.
Спектаклехь дакъалоцуш бара театран тоьлла артисташ-ветеранаш а, ткъа иштта къона артисташ а. Агабон роль ловзош вара Нохчийн Республикин халкъан артист Азаев Хьамид, Кесариян ролехь яра Нохчийн Республикин хьакъйолу артист М.Межиева, Карпен роль ловзийра Нохчийн Республикин халкъан артиста М.Атаевс, Иовелан роль ловзош вара Нохчийн Республикин халкъан артист I.Джамаев, Гоголан роль – Нохчийн Республикин халкъан артисткас Д.Шахбазовас, ткъа Дитон роль Р.Халиковс ловзийра. Доьзалехь жимахволчу кIентан Бухутин роль Хасанов Тимербулата ловзийра.
Спектаклан литературин-драматически декъан куьйгалхо Нохчийн Республикин культурин сийлахь белхахо Берсанукаева Хеда ю. Ткъа оцу хIора белхан а, спектаклан бIаьрIуналла динарг яра театран исбаьхьаллин куьйгалхо-директор, Нохчийн Республикин искусствон хьакъйолу гIуллакххо Ахмадова Хьава.
Гуьржийн яздархо О.Иосилиани Кавказан муьлххачу къомана шен ву моттадаллал Кавказан къаьмнийн ламасташ, гIиллакхаш, доьзалан мехаллаш юьйцуш чекхваьлла ву. Доьзал шайн къоман гIиллакхна а, къинхьегамна а гена баьлча, иза бахамна мел букъбелла хиларх а, кхоччуш ирсе ца хуьлий хууш яздина цо шен хIора дийцар а. Иза ваьхна (1930–2011-чу шерашкахь).
81 шарахь ваьхначу О.Иосилианис зорбане яьккхира масех книга. Уьш ю «Берех-таллархочух БIачах», «Кхокхийн почта», «Бекъа а, борз а», «Ехаш-Iаш яра зуда», иштта дIа кхин а.
Нохчийн къоман театро цуьнан дийцарна тIехь спектакль хIоттор а ларамаза хилла хIума дац. Вайн заманахь доьзалшкахь хуьлучу цатемех лаьцна дуьйцу «Ворда хаьрцича – некъ карийна» бохучу спектаклехь. Куралло дакъаза баьккхина доьзал шаьш дешна бевлича Россин гIаланашка Iен-баха дIасабоьлху, дас лелийна, кхиийна латта, беш дIа а тоссий.
ЦIа ца богIуш хербеллачу кIенташка а, несаршка а, доьзалан ден доттагIчо, кхеран лулахочо «Шун да велла» олий телеграмма йохьуьйтий, цIа богIу кIентий, амма ден оьгIазло дIа ца йолу.
Да дукха хан ялале дIаволу, цуьнан метта кIентан кIант вогIу дуьненчу. Баккхийнаш ца лаьтта, амма ша кхиийначу ден-ненан, ша вузийначу лаьттан сий дан деза боху коьрта маьIна дара «Ворда хаьрцича – некъ карийна» спектаклан.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Авторан сурт
№123, шинара, лахьанан беттан 3-гIа де, 2015 шо