Конкурсан толамхой билгалбевлла

Хууш ма-хиллара, 2015-гIа шо литературин шо аьлла дIакхайкхийна ду. Цунна лерина тайп-тайпана конкурсаш, цхьаьнакхетарш дIахьо университеташкахь, институташкахь, школашкахь. Иштта, дукха хан йоццуш Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин институтехь дIаяьхьира Есенин Сергейн 120 шо кхачарна лерина литературин конкурс.

    Дуккха а студенташа жигара дакъалецира оцу конкурсехь. Есенинан поэзи царна дукхаезаш хилар гучуделира цигахь.

Литературин кафедрин доцента Салажиева Элинас студенташка маршалла хаьттинчул тIаьхьа, дIаболийра конкурсан болх. ХIора студента а говза йийшира  Есенинан байташ. Хаалуш дара, цара шаьш олу хIора дош а даггара олуш хилар. Цхьаболчара, ладугIучеран дагах кхеташ, къаьсттина дика йоьшура байташ.

Цул тIаьхьа, жюрин декъашхоша жамIаш дира. СовгIатан меттигаш яла хьакъ долуш берш дуккха а хиларна, толаман меттигаш йийкъира. 1-ра меттиг актерски искусствон отделенин 3-чу курсан студентана Учаров Адамна а, оьрсийн меттан а, литературин а отделенин 4-чу курсан студенткина Цугаева Элинина кхечира. 2-гIа меттиг актерски отделенин 2-чу курсерчу Яхиев Ахьмадна а, Ганиева Камилина а юкъахь йийкъира. Ткъа 3-гIа меттиг журналистикин отделенин 1-чу курсан студенткашна Висаитова Раянина а, Абуязидова Фатимина а елира. СовгIатан меттигаш яьхначарна  Сийлаллин грамоташ луш, бирзира конкурсан жам1аш даран болх.

 

Акаева Хутмат

№123, шинара, лахьанан беттан 3-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: