Нохчийчоь,
кога байн туьйдина ша бина кIайн кIархаш,
хьо йолчу йоьдуш го стигалца яйн марха,
гур яц-те хьуна и цуьнга со хатта,
дас-нанас бийцинчу нохчийн вайн маттахь.
Лаьмнаш тIехь сецна хьан, эр дац-те хьоьга цуо,
генарчу геналлехь хьо ган мел хьоьгу со –
ирзешка вийла хьан, хьаннашца лела,
сайн ага техкийна хьо йолу дела…
Замано ластийна юьстах а тесна,
сан вогIу-воьду некъ кху махкахь сецна –
мел гена боьжнехь а, баьллехь а цIера,
цхьа вета бара со хьан гIовтал тIера,
хьан лаьмнийн йозанан яра со хьаьрк а,
хьан иллин цхьа могIа хила дог хьаьгга…
Хан мел ю хаац сайн кхи дIа а юста,
висахь а, водахь а тахана-кхана,
ахь со ма тасалахь хьайн дагна юьстах,
и ду сан, Даймохк, хьоь весетехь ала.
***
Нохчийчоь,
хьо йоцчу геналлехь дог долу экам,
хьох ваьлла лелар сайн ойлане догIий,
орцанна кхочий хьан къоркхокха бека,
тIемаш тIехь айвой шен вуьллу хьан тогIе.
ХIаваъ хьан худуш шех лаьттан дегI дехха,
бIаьргбелла ца даьхьа – гIан дарна кхоьру –
юха а карорна кху махкахь нехан,
хьан малх ца кхетачу Iаьржачу боьрахь.
Зезаг дац кхузара Даймехкан зезаг,
мархаш а нехан ю, догIа кхин оьгу,
нанас ца бийцина мотт бийца деза –
хьан маттахь ладогIа мила ву хьоьга?
ТIейогIу буьйса яц наб кхета аьлла,
Iуьйре а йогIур яц хьуна малх кхетта,
де-буьйса ца къаьсташ тахане ваьлла,
цкъа вижа сатесна Даймехкан метта.
Сийна бай баржийна, тIетесна стигал,
ког хецца вижина, самалхадала,
цIа вига, кхоллам со… тахханехь вига,
Iуьйренца гIоттуш суо, цIахь самавала!..
***
Нохчийчоь,
тоькхуш кху дахаран гIуданаш, кхелаш,
лаамза хьох ваьлла, сабIаьрза лелаш,
цхьа илли язделла суна чохь хьуна,
мела Iа хаало цуьнца хьан хIонан.
ХIор а дош ду цуьнан хьан лаьттан цинцан,
хьо йолчу леста са гуттар а цуьнца.
Сан син буй бу цуьнца, хьо хьоьсту малх а,
цIа кхойкхуш хиэза цуо – хьо лаьтта хьалха.
Малхах цхьа цIен хьаса, кIайн хьаса баттах
боккхуш и дуьйцина лаьмнийн хьан маттахь,
дагахь сайн кхойкхуш, дагаваьлла хьох а –
кхеле хьан биллина массо а могIа…
Хийлачу хIуман тIе хено чан юьллу,
хийла каш хьенан ду ца хууш Iуьллу,
сайниг а доккхур ду, шен де тIекхаьчча,
и хир ду ала дац Даймехкан баьрчехь.
Вицлур вац аьлла а вац со догйовха,
амма со миччахь а тIепаза вахь а,
хьайн цIарах даггара кIентан хьайн илли,
ларделахь лаьмнийн хьайн кийра дIа диллий…
***
Iуьйранна гIаьттина сарралц
дина дац мискъала заррат,
даха де Iожалла кхайкха,
говр санна, дIахьаьдда яйдакх…
ЙогIур ю буьйса хьо хьеша,
садаан, керчо, мотт ма-ббу,
попан цIе йогур яц пешахь,
гIан уохьа кхетар яц наб а.
Кхане а хир яц – цхьа чо а —
кху дийнал башха ю ала,
дисинехь хьан эзар шо а —
хIара де хуьйцур дац цара —
махкахь хьайн, цIахь воцу де…
Юьртахошка
ДогIу вай дуьнен чу йоццачу ханна –
цхьа а ца язвина хIоккхузахь саца,
цхьаъ хьалха, цхьаъ тIаьхьа, рагI лаьтташ санна,
абаде кхоьхьу вай барамо цхьацца.
Сан рагI а кхочур ю цунна тIе вилла,
хир ду и дагахь а доцучу дийнахь,
виллича, лерехь шун къора аз хилла,
вехар ву Даймехкан лаьттах дIаийна.
Диса дац сох тIаьхьа делха я дека,
дешиххий, детиххий дуьззина сахь а,
цхьа илли дуьсур ду сох шуна деккъа –
сайн сина тIера ас даьккхина сагIа.
Нуьречу зIаьнарша буьйса дIа хьаьшча,
Iуьйренца бIаьргтухуш шаьш Чармойн-ломе,
арцаца бекаш цхьа къоркхокха хезча,
со дагалацалаш, юьртахой хьоме…
Сан хаьдда аз дохьуш богIург хир кхокха —
цхьа илли дара сан шун цIарах лелош,
алаза диси и, хиларна доккха,
йоцачу оьмаран ца тоьъна денош…
№123, шинара, лахьанан беттан 3-гIа де, 2015 шо