Соьлжа-ГIалахь хIокху деношкахь Дуьненаюкъара турнир хилира армрестлинг кепехула. Цуьнан кхайкхам «Спорт наркотикашна дуьхьал» аьлла бара.
Цигахь дакъалоцуш 200 гергга спортсмен вара, 18 шарера 45 шо кхаччалц хенаш йолуш.
ДегIан йозаллин категореш иштта а яра: 65 кг; 80 кг; 90 кг; +90 кг.
Турнирехь дакъалоцуш нохчийн спортсменаш хилла ца Iара. Божаршна дукхаезачу куьйган ницкъ къовсаран (армрестлинг) турнирехь дакъа лаца баьхкинера ГIиргIизойн, ГIалгIайн, Дагестанан, ГIебартойн-Балкхаройн, Къилбаседа ХIирин-Аланин республикашкара армрестлераш. «Спорт наркотикашна дуьхьала» аьлла йолу турнир Нохчийн Республикин 2014–2020-чу шерашкахь могашалла кхиоран» пачхьалкхан программин гурашкахь йина яра. Вайн кегийрхоша шайн тидам тIебахийта хьакъ долу спортан кепаш дукха ю. Царах ю армрестлинг. Вайн республике баьхкинчу спортсменашка маршаллин дош олуш вистхилира Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волу министр Тагиев Мурад а, иштта Нохчийн Республикин армрестлинган Федерацин президент Исмаилов Зеламха а.
Толамхой билгалбевлира шайн-шайн йозаллин категорешкахь. Иштта 65 кг категорина юкъа богIучу спортсменийн къовсамехь хьалхара меттиг ГIалгIайн Республикерчу Малароев Якъуба яьккхира, шолгIачу меттехь вара Дагестан Республикера Алисултанов Эрдизан, кхоалгIа меттиг оццу Дагестан Республикера веанчу Сайдулаев Адама яьккхира. 80 кг йолчу категорин къовсамехь хьалхара меттиг Дагестан Республикерчу Атаев Камрана, шолгIа меттиг Нохчийн Республикерчу Солтыханов Байсангура а, кхоалгIа меттиг ГIиргIизойн Республикерчу Воробьев Андрейс яьккхира. 90 кг, йозаллин категорехь хьалхара меттиг яьккхира Дагестан Республикерчу Халиков Магомедвалис, шолгIа Нохчийн Республикерчу Гехаев Аслана, кхоалгIа меттиг ГIалгIайн Республикерчу Саагов ИбраьхIима яьккхира. ТIаьххьарчу категорехь, 90 кийланал а сов йолчу йозаллехь, хьалхара меттиг яьккхира ГIиргIизойн Республикерчу Лукъянов Евгенийс, шолгIа меттиг Нохчийн Республикерчу Сетиев Сайдис, кхоалгIа меттиг Дагестан Республикерчу Хизриев Магомеда. Турниран абсолютни чемпион Саагов ИбраьхIим хилира.
З.ЦОНТОРОЕВА
Авторан сурт
№123, шинара, лахьанан беттан 3-гIа де, 2015 шо