Даймахкана сагатдо махках бевлла лелачу нохчийн къаноша

Европе дIаоьхучу шайн доьзалхошна тIаьхьа баханчохь бисина, Малхбузехь беха нохчийн дуккха а баккхий нах. КIезиг ю царна вовшахкхета а, вошашца хилларг, долуш дерг  дуьйцуш Iен а меттигаш. Дукхахьолахь петаршкахь шайн берашца я берийн берашца хан йоккху цара.

                Ишттачарех цхьаъ ю,  оьзда йоккха стаг, Залуба. Иттех шо дара иза шен цхьаъ бен воцчу кIантаца цхьаьна,  Европе дIавоьдуш, дIаяхана, хийрачу махкахь еха.

Цу юкъана цкъа а Нохчийчу ян аьтто ца баьллачу, ткъа хIинца  могашалла а ца тоьучу цо дуьйцура, хIора Iуьйра ламазна гIаьттина, уьйтIа яьлча, Альпашна тIехула малх схьакхеташ гича, Шуьйта карлайолу шена, ша яьхначу юьртахь ша гIаьттича санна сатедо шен лаьмнаша, олий.

«Дийна а йолуш-м кхин гур яцара суна Нохчийчоь, елча мукъане а суо цига ца кхачарна кхоьру», – иштта дуьйцура йоккхачу стага, шена мел везнарг а дIавоьллинчу, кешнашка ша ерзаре болу беккъа цхьа сатийсам дахарехь бен бисина йоцчу.

Иштта, Залуба санна Нохчийчоьне са а туьйсуш, амма кхуза кхача аьтто боцуш Европехь бехаш кIезиг бац вайнехан баккхий нах. Шайн берашца Малхбузе дIакхелхина болчу царах цхьаберш дукха къена, гIорасиз бу 4000  гергга  чаккхарма генахь Iуьллучу Даймахка боьдучу новкъа бовла, вукхеран некъаш кехаташ дац, кхуза бахка.

Цундела дукха хьолахь шайн берашца а, берийн берашца а беа пена юккъехь хан йоккху цара, наггахь арадовлар,  цхьанхьа кхиболу вайнехан доьзалш болчу хьошалгIа бахар бен самалха далар а доцуш.

Цунах кхеташ, масех шо хьалха ша болх бечу „Позитив“ цIе йолчу юкъараллин кхерчахь Венехь бехачу нохчийн баккхийчу нахана кIиранах цкъа вовшахкхета меттиг кечйинера Австрерчу вайнехан диаспорин жигархочо Оздемирова Розас.  Вуно самукъадаларца богIура баккхий нах цу цхьаьнакхетаршка.  бохуш дийцира Розас.

Нанна шен бераш массо а цхьаьна шуьнехь хIума юуш гуш хилла хан, и бераш меца доцийла а хууш, мила маца чувеана,  маца араваьлла а хууш, да-нана а, бераш а дийна а, гуларехь а долуш хилла йолу хан дагалоьцу цара вовшахкхетча. Зудчунна оьшург и ма дуй – шен доьзал цхьаьна чохь гулбалар а, уьш гучохь хилар а», – боху  Р.Оздемировас.

Европехь Iедалера кхузара гIо а хуьлуш, могаш воцучунна дарба дан тоьллачу лоьрийн кхерчашкахь таро а йолуш бехаш вайнехан баккхий нах белахь а, амма Даймохк а, кхузара дахар а цкъа а дагара ца долу царна.

«Царна Нохчийчоь йицъелла хан цкъа а хила а ца хуьлу. Нохчийчоь а юьйцу цара,  Нохчийчохь долу хIаваъ а дуьйцу, шайн нахана юкъахь ца хилча ма дош дац-кх  мел хаза Iийнера вай хьалха олу, Казахстанехь долчу хенахь  барт бара вайн къоман, ма вовшах къахеташ дара вай,  нохчийн маттахь локхучу иллига радиохула ладогIа масех чаккхарма гена некъ бора вай, бохуш, дагалоьцу. Ва, сайн цIахь елахьара, сайн маттахь йистхила адам а хир дара суна, воне а, дикане а гIур яра, сайн нийсархошца дийца хIума а хир дара бохуш дуьйцу цара кест-кеста», – элира  Оздемирова Розас.

Кхечаьрца дуьстича, Венехь ехаш йолу Яха цIе йолу йоккха стаг Австре кхаьчна дукха хан яц. Иза дIадаханчу шарахь шен доьзалхо волчу дарба дайта а, яха а схьаеана ю. Кхин-м цхьа а хало я цатемаш бацара кхузахь, бохуш дуьйцу цо, чуваха лула-кулахь вайнехан нах цахилар а, шен къоман нахана тIекхочийла цахилар а хала ду-кх лан, – боху цо.

«Сан хеннара нах кхузахь бу моьттуш яц со. ХIокху чохь дIаIаш-м ю со. Схьаеана шо кхочуш лаьтта. ЦIерачарна а, лулахошна а сагатло. Чу-ара а йолу со, хIара голаш лозуш кхибашха лела а ца ло, эцца, жимма йола а лой,  чу йогIу. Кхин дIасаяла меттиг ма яц кхузахь, чу яха меттиг  яц. Лела ца хаьа суна кхузахь. Мотт хууш ца хилча лела хуур ма дац». Леткъам  бо  Яхас.

Цо ма-аллара, чуваха а, шайна  хуучу, шайх кхетачу маттахь вистхила а  шайн хенара стаг цахилар а, цуьнца доьзна йолу цхьаалла а ю  Европехь бехачу нохчийн баккхийчу нехан коьрта хало.  Шайн доьзалца церан петаршкахь гучул сов кхин дуьне ца гуш хене бовлучу церан дегабаамаш а хуьлу, царна цIахь болуш эшначул совнаха шайн доьзалшкара тидам а, йовхо а оьшу…

 (Пайдаэцна шуьйрачу хаамийн тайп-тайпанчу г1ирсех)

 М.КАНТАЕВ

№123, шинара, лахьанан беттан 3-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: