1975-чу шеран декабрь баттахь Советийн Союзан турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмтеатрехь премьера хилира «Забыть Герострата» цIе йолчу спектаклан. Оьрсийн драматурга Горин Григорийс 1972-чу шарахь язйиначу пьеси тIехь, Россин пачхьалкхан совг1атан лауреат волчу режиссера Солцаев Мималта хIоттийна яра спектакль. Коьртачу ролехь Цицкиев Мохьмад вара. Юьхьанца цхьа тамашийна хетара и пьеса вайнехан сцени тIехь хIоттош ю аьлла хезча. «Забыть Герострата» трагикомеди ю. Ши эзар шо хьалха Эфес гIалахь хиллачух ю иза. Цигахь Артемидин синан совгIатна килс йина хилла.
Доккхачу дуьненан массо а маьIIера цIарна цIе яхана говзанчаш схьакхойкхуш, дукха харжаш еш, бIе ткъа шарахь йина хилла и гIишло эзар шерашкахь латтаре сатуьйсуш шен хазаллица дуьне цец дохуш. Дукха хаза и гIишло хиларна дуьненчуьра ворхI тамашах цхьаъ лоруш хилла иза. Амма мел хала хеташ делахь а, килс бIе шарахь бен ца лаьттина. Вайн эра тIекхачале 356-чу шарахь Эфесан вахархочо Герострата цIе тесна ягийна гIишло, и зулам бахьанехь дуьненна гIаравала, шен декъаза ц1е исторех йита лиина. Цу муьрехь Эфесан коьртехь хиллачу Клеона омра дина Геростратан цIе яккхар доьхкуш. Делахь а, цуьнан цIе ехаш ю бIешерашкахь. Иштта зулам шегара далийтинчух олу Герострат. Цицкиев Мохьмадан шовкъечу ловзаро Iора йоккхура турпалхочун синан екхалла, цуьнца цхьаьна хьовсархошна карладоккхура и тайпа сонта адамаш вайн дахарехь хIинца нислуш хилар. Церан шарделла хабарш милла а тиларчу вига гуьнахь долуш хилар, царах цIарах санна ларвала везаш хилар гойтура похIмечу актера. Къегина басарш, корматалла ца кхоайора Мохьмада Геростратан цIарматалла, адамаллех хаьдда амалш гойтуш. Геростратан чолхе васт кхолларца кхин цкъа а тIечIагIдира Цицкиев Мохьмада ша похIме актер хилар.
Вайнехан театральни искусство езачарна Цицкиев Мохьмад вевза дукха хан яра. Геростратана тIекхачале а Нохч-ГIалгIайн драмтеатран сцени тIехь алссам ролаш ловзийнера цо. Царах дукхахъерш хьовсархойн иэсехь сирла лар йита ларийнера. ХIора роль а цхьа шатайпачу башхаллин цинц болуш хуьлура цуьнан. Цунна къегина тоьшалла ду «Скованные цепью» спектаклехь актеро кхиамца кхоьллина негран васт. Смитан а, Дугласан а изза цIе йолчу пьеси тIехь вайнехан театран сцени тIехь режиссера Солцаев Мималта хIоттийна спектакль яра «Скованные цепью». Собаре, къинхетаме, адамалле кхойкхуш яра спектакль . ХIинца а хала ду Iаьржачу аматахь долчу адамашна Iамаркан пачхьалкхехь даха, ткъа 50 шо хьалха кхин а хала хилла. ДегIан чкъор Iаьржа хиларх, массеран а цIий цхьана басахь хиларх кхетаре кхойкхуш, орца дохура актеро ша кхоьллинчу Галлен вастаца. Актеран говзалла тоьара Iаьржачу адамийн лазамашна, дегаIийжамашна хьовсархой юкъаозо. Иштта кхиамца ловзийра Цицкиев Мохьмада Жухрайн роль а. Советийн Iедалан олалла долчу муьрехь Iаламат хала дара оьрсийн яздархочо Островский Николайс язйина «Как закалялась сталь» цIе йолу роман ешаза стаг каро. Дукхахболчеран синан эла хилла дIахIоьттинера романан коьрта турпалхо Корчагин Павел. Оцу романан инсценировки тIехь «Драматическая песня» цIе йолуш спектакль хIоттийнера вайнехан къоман театро. Цу спектаклана юккъера яра Цицкиев Мохьмада кхиамца ловзийна Жухрайн роль. Жухрай большевик вара, коммунизман идейш цIийх, тIамарх воьлла стаг вара иза, цу къилбанах ца туьлуш Далла дуьхьал ваха кийча вара. «Как закалялась сталь» роман йоьшучу хенахь вайна ма-гарра васт кхолла ницкъ кхечира актеран. И роль тIех дика ловзаярна Ленинан комсомолан премин лауреат хилира Цицкиев Мохьмадах. Халкъана, махкана мерза кхаъ хилла дIахIоьттира похIмечу актерана Iедало иштта мехала совгIат дар. Бакъдерг аьлча, Цицкиев Мохьмад хьакъ вара мел лакхара совгIат дала. Де, буьйса ца лоьруш хьанал къахьоьгуш вара иза вайнехан театран искусство кхиъна, заза даьккхина серла яла лууш.
Иза гIалгIайн ахархочун Мухтаран доьзалехь 1941-чу шеран 22-чу декабрехь дуьнен чу ваьлла вара. Мотт Iамале махках вала дийзира цуьнан, Iедало «халкъан мостагI» лерина. Хууш ма хиллара 1944-чу шеран 23-чу февралехь берриге вайнах бехира лаъмаза махках. Массара а цхьабосса лайра гIело, шело, мацалла, харцо. Хала дара хийрачу махкахь, Дела воцург накъост воцуш, хене вала. Делахь а вайнаха цкъа а дог ца дуьллура Делан диканах. ХIора ламазехь доIанца доьхура цара дай баьхначу махка юхадерзор. ВогIу-воьдург тIекхаьчча уггаре хьалха хоттуш цхьаъ дара: «вай цIа дог1уьйту ца боху?» Цу муьрехь цхьанна а дага ца догIура нохчий, гIалгIай къасто. Дерриге а цхьа вайнах дара. Оцу кхетамца хьалакхиъна вара Мохьмад а. Вайнехан стаг хилчахьана уллера, нанас дена вина ваша лорура цу заманахь. ТIаьхьо Мохьмада-м нускал а нохчех далийра. Цо дина кхо бер дара цуьнан, ши йоI цхьа кIант. Уьш хIинца а могаш-маьрша Москвахь Iаш бу. Ткъа Цицкиев Мохьмад 1957-чу шарахь вайнахана цIаберза бакъо йолуш юккъера школа чекхъяьккхина жима стаг вара. Цундела цуьнан аьтто хилира, ханна жима велахь а Ленинградерчу театральни институте деша боьлхучу вайн кегийрхойх дIакхета. Хьалхарчу курсехь доьшуш волуш кхечира цуьнан ялхийтта шо. ДегIана мелла а хьийкъина волу кIант, дас Мухтара цхьа шо хьалха вахийтина хиллера школе деша. Цо иза кхиамца чекхъяьккхинера. Ткъа театре болу безам ГIиргIизойн махкахь Iаш болчу хенахь кхоллабеллера кIентан. ГIиргIизойн оперни театрехь Эсамбаев Махьмуд юкъахь волуш «князь Игорь» цIе йолу спектакль гина хиллера цунна. Дуьненна вевзачу вайн махкахочо дечу хелхаро бинчу тIеIаткъамо йоккха лар йитинера кхиъна вогIучу кIентан дагчохь, искусстве безам кхуллуш. Дерриге а шен дахарехула чекхбаьккхира Мохьмада и безам. Дешна бевлла вайн кегирхой Ленинградера цIабоьрзуш кечйинчу «Ромео и Джульетта» дипломни спектаклехь Меркуцион роль ловзош вара актер. Ленинградехь даьккхинчу пхеа шарахь нохчийн мотт дикка шарбеллера цунна. Цундела спектаклехь кхечу актерех къаьсташ вацара иза. Мохьмадан нохчийн меттан таронаш «Бешто», «ПетIамат» спектаклашкахь йовза таро хиллера хьовсархойн. Омаев Дагуна ловзочу ролийн, дукха хьолахь, дублер вара иза турпалхочун амплуа йолу актер. Бакъду, дублер вара аьлла цкъа а бен ца хетарца роль тIеэцна-м вац Мохьмад. Муьлххачу агIор лохий а, гечо карадора цунна керла хIуо вастехь тусадалийта, актерийн ловзарехь башхалла хааялийта. Иштта дика актер вара Цицкиев Мохьмад.
Делахь а цуьнан кхоллараллийн портрет дуьззина хир дацара Цицкиев Мохьмада ловзийна кхин а ши роль ца хьахийча. Иза уггаре а хьалха А.В. Сухово-Кобылин пьеси тIехь режиссера Галашин Валерийс хIоттийна хиллачу «Дело» спектакла юккъера Варравинан роль ю. Россехь Iаламат чолхе ларалуш ю XIX-чу бIешарахь ваьхначу Сухово-Кобылинан драматурги. Аттачу балхах Россин гоьбевллачу режиссераша хIотто схьаоьцуш а яц иза, шайна хало ца ян. Вайнехан къоман театрехь хIотто иза тIеэцарх кхета Iаламат хала ду. Делахь а ХХ-чу бIешеран 60-чу шерашкахь театран репертуарехь кхиамца гойтуш яра «Дело» спектакль. Хьовсархошна кхиаман бахьана дукха хьолахь Цицкиев Мохьмадан шовкъе ловзар хетара. Къаьсттина беламе доккхура цо шен турпалхо Варравин Тарелкине декхар схьадеха вогIу сурт. Тарелкинан роль ловзош Дудаев Муса вара. Иза цхьа тамашийна эгIаза хетара цу спектаклехь. Ткъа Варравинан роль ловзош волу Цицкиев Мохьмад волчунна тIе а гримераша кхин а хьийкъина, зоьртала винера. Декхар схьадеха веанчу муьрехь, Тарелкина хьийзо мехкарлонаш кIорда йина, оцу йоккхачу чохь вала, я вола меттиг ца юьтуш эккхийна хьийзаво Варравина, пекъар кIоршаме мел дерг дуьйцуш и . Цицкиев Мохьмадан кхолларалла дукхаезачу хьовсархошна Iаламат самукъане хеташ кийсиг яра иза спектаклехь. Актера забаре басарш ца кхоош тIех дика а, ловзайора и.
ХХ-чу бIешеран 70-чу шерийн юьххьехь Нохч-ГIалгIайн драмтеатро хIотто дагахь схьаийцира «Ворда харцале» цIе йолу самукъане пьеса. Гуьржийн драматург Отиа Иоселиани вара цуьнан автор. Дикачу маттахь, къегинчу басаршца васташ кхуллуш говза язйина яра пьеса. Юьртабахаман лазамаш, сингаттамаш, дегаIийжамаш бара бийцаре баьхнарш. Агабо Богверадзе вара пьесин турпалхо. Къахьегна стаг вара, дай баьхна латта дезаш, цунах самукъадолуш хьанал болх бина вара. Масех кIант вара воккхачу стеган. Амма уьш берриге а лакхара дешаран кхерчаш чекхбаьхна, тоххара нускалш далийна, тоьллачу белхан меттигашка дIанисбелла гIалахь Iаш бара. Наггахь а юьртахь дехачу дений, нанний тIе бахка рагI ца кхачахь а, я ца лаахь а, кхин къахьоьгуш боцуш. Режиссерана Хакишев Русланна мелла а вайнахана гергара хеттера и тема. Цо хIоттийра «Ворда харцале» цIе йолу спектакль, коьртачу ролехь Цицкиев Мохьмад волуш. Дика спектакль яра аьлла дIадерзийча, цунах хIумма аьлла ца хуьлу. Iаламат хаза а, чулацаме а спектакль яра «Ворда харцале». Вайнехан актерийн хьуьнарша ша цецваьккхина хилар, билгалдаьккхира премьере веанчу автора. Къаьсттина Отиас хестош дерг Богверадзе Агабон роль ловзийна Цицкиев Мохьмад, цуьнан хIусамненан Кесарин роль ловзийна Хаджиева Неля дара. Дерриге шен дахар лаьттаца къахьоьгуш чекхдаьллачу къаночуьнга ца лалора ша дезаш хьалакхиийна бераш лаьттах къехкаш, ден кхерчана пе бетташ. Ур-аттал жимах волу кIант Бухути ву, гIалара нускал далийна цига Iа-ваха дIаваха лууш. Ткъа лулахь хьалакхуьуш Iаламат дика йоI ма ю. Дукха хан ю Агабос цуьнга бIаьрг бетта, жимах волчу кIантана иза яло лууш. И шиъ мукъане юьртахь, дайн кхерчахь дисийта гIаддайна ка-ма1арш ю воккхачу стага еттарш. Делахь а, и дерриге бехке доцчу хIилланца, забарца, самукъане до воккхачу стага. Цундела цхьана кепара шеконаш йоцуш тIелоцу спектаклан хьовсархоша Агабон берриге а лаамаш, сирла сатийсамаш. Воккхачу актеран похIма ду иза, ша гойтучу суьртийн декъа хьовсархой озо хаар а, уьш ойлане баха ницкъ кхачар а. Бакъйолчу искусствон исбаьхьа тIеIаткъам олу цунах. Ткъа вайнехан къоман театран сцени тIехь Цицкиев Мохьмада ловзийна массо роль яра корматаллин лаккхарчу тIегIанехь кечйина, хьовсархойн синкIоргене кховда ницкъ болуш.
ХХ-чу бIешеран чаккхенехь инзаре буьрса, зуламе мехаш хьеьвзира вайн махка. ХIоранга къаьхьа къурд бойтуш, чекхлилхира уьш гIалгIайн махкахула. Къинхетамза Iаьржа дохк, сингаттамийн буькъа бода хIоттийра цара Нохчийчохь а. БIешерашкахь гIиллакхах, оьздангаллех ца бухуш схьабаьхкина нохчий а, г1алг1ай а шина республике д1асабекъабелира. Iаламат хала лайра и Цицкиев Мохьмада. Цуьнан хIусамнана, хьалха вай билгал ма даккхара нохчи яра. Къемата иза иштта ца хилча а Мохьмадана цкъа а дагадеана дацара ша нохчех къастор ву бохург. Шовзткъе итт шарахь цаьрца Iийна вара иза, вовшийн багара сискалш йохуш. Уьш цуьнан белхан накъостий бара. Цаьрца хиллера актер кхиамийн зIаьнаршлахь а, бохамийн Iинчохь а. Цунна дика дагадогIура шена дуьххьара сийлаллин Нохч-ГIалгIайн Республикин хьакъволу артист аьлла цIе ялар. ТIаьхьо Нохч-ГIалгIайн халкъан артист хилира цунах. Ткъа хийцамийн дарц Кавказан къоьжачу лаьмнашка хьовзош Цицкиев Мохьмад РСФСР-н хьакъволу артист вара. Фильмехь дакъалаца кхузара Соьлжа-ГIалара дехарш дина вигнера иза. ДагайогIий шуна, вайнехан къоман турпалхочух Шерипов Асланбеках яра и фильм. Шерипов Супьянбека сценарий язйина, режиссера Юрий Мастюгина яьккхина яра иза, коьртачу ролехь Золотухин Дмитрий волуш. Ахриев ГIапуран роль ловзош вара Цицкиев Мохьмад. Дахаран кхийолчу чолхечу киртигаш тIехь санна, хьалха дуьйна исбаьхьаллин фильмашкахь дакъалоцуш хиллачу нохчийн доттагIаша-актера ша Iаламат чIогIа гIо динера цунна хьакъдолчу тIегIанехь и роль ловзо, цундела хьовсархоша езаш тIеэцнера и роль. Ткъа хIинца политикаша схьадийцарехь массо хIуман тIе сиз хьаькхна керла дахар доло дезара. Доьзал хене баьлла, бераш кхиийна кхерч дIатесна кхин гIовла лаха езара. Цигахь хIун нислур ду хьанна хаьа?!.
ГIалгIайчу дIавахара Цицкиев Мохьмад. ГIалгIайн сийлахьчу яздархочун цIарах къоман театр кхоьллира Магасехь. Масех шарахь цигахь режиссеран болх бира Къилбаседан Кавказехь гоьваьлла вевзачу актера Цицкиев Мохьмада. Амма цуьнан экамечу даге лалуш хийцамаш бацара ХХ-ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь вайнахана тIехIиттинарш. Иза дахарах вохийнера, цуьнан синкхетам Iовжийнера, цуьнан цIийца лозура дагахь доцуш вайнахана тIехIиттина бохамаш. Даима дагах хьерчаш хилла синкъерам дIакъаьстинера цунах. СинбIов хилла лаьттина мерза уьйраш хаьддера. 1997-чу шеран 22-чу апрелехь детталучуьра сецира актеран экаме дог. Цицкиев Мохьмадан 55 шо бен дацара. Вайнехан театран искусствона а Iаламат боккха иэшам бу и тайпа актер дIавалар. Дала декъал войла иза. Вайн дуьхьа къахьегна, вай дезаш тIегIиртина сирла са дара похIме актер. Цундела хьовсархойн дегнашкахь даха дисина цуьнан оьзда амат.
ГАЗИЕВА Аза
№123, шинара, лахьанан беттан 3-гIа де, 2015 шо