Республикин клинически госпиталан кардиологин отделенин ЭКГ-н белхахо Джандарова Сацита.
«Цо яьккхинчу кардиограммица, сан деган ледара болх бен меже гайтар а, цо дан дезарг а, хІун бахьана долуш шен болх цо кхочуш ца бо а Сацитас нийса дIаяздина хилар бахьана долуш, лоьрана суна нийса дарба харжа аьтто а хилла, дика гIоле хилла суна, – дийцира Сацитин «дархо» хиллачу Грозненски районерчу Чуьйрин-Эвларчу Арсанукаев Мусас, – ала деза, Сацитина тIекхачале а иштта гIуллакх масийттазза нисделла хилар а, кардиограмма нийса цахилар бахьана долуш, динчу дарбанах гIоле ца йолуш, ас дикка къахьегна хилар а. Шен болх бевзаш а, безаш а, иза дика караберзийна а Сацита хилар бахьана долуш суна а, дуккха а цомгашчарна а диканиг даьлла цунах. Дела реза хуьлда цунна».
Гуш ма-хиллара, шен декхарш нийса кхочушдар бахьана долуш нахера, ткъа уьш могIарера нах бац, могашалла галъяьлларш бу, доккха баркалла хуьлу Джандарована. Шен корматаллин лаккхара хаарш хиларал сов, Сацита чIогIа кIеда-мерза йистхилар долуш а, тIевеанчуьнца оьзда, гIиллакхца а ю.
Иза нохчийн ширачу юьртахь Закан-Юьртахь АзимовгIеран доьзалехь кхиъна. ТIехдика дешарца, юьртара № 1 йолу юккъера школа дашо мидалца чекхъяьккхина, 2003-чу шарахь, Карелин шахьаре Петразаводскерчу университетан медицинин «дарбадаран гIуллакх» факультете деша яхара йоI. Университет чекхйолуш корматалла «кардиологи» хаьржира Сацитас. Оцу декъехь долу хаарш тIедуьзира Аштаркхнерчу а, Волгоградерчу а медицинин учрежденешкахь «специализация по функциональной диагностике» чекхъяккхарца участкови терапевтан болх бан йолаелира Хьалха-Мартан районан коьртачу больницехь. Кхо шо ду Сацита республикански госпиталехь функциональни диагностикин декъехь болх беш йолу а.
– Iилманехь болх бан дагахь юй хьо? – аьлла шега динчу хаттарна Сацитас жоп делира:
– Хьашт ма-дду дукха болх бу функциональни диагностикехь Iилманан агIор бан. Нохчийн лоьрийн а шайна балхахь зеделларг оцу Iилманна юкъа дилла таро ю. Цуьнан ойла еш ю со суо а. Хиндерг замано гойтур ду.
Тхуна даггара лаьа, доккха зеделларг долу нохчийн Iилманча-кардиолог Сацитех хуьлийла. Ткъа оцу декъехь къахьега таронаш вайн тахана йолуш ю. Дала аьтто бойла.
Т.САРАЛИЕВА
Авторан суьрта тIехь: Джандарова Сацита