4-гIа ноябрь – Россин халкъийн цхьааллин де
Москварчу ЦIечу Майданахь лаьтташ хIоллам бу. Шина стеган суьртех лаьтташ скульптура ю иза. Цхьаъ – гIеметта хIоьттина стаг – хиъна Iаш ву, аьтту куьйгахь тур а долуш, аьрру куьйга лаьттахь турс а сецош. Важа, шолгIаниг, ирахь лаьтташ ву, аьтту куьг хьала а айъина, цхьана гIуллакхана шен накъост ир-карахIиттош санна. И хIоллам XVII-чу бIешарахь полякийн эскарша схьаяьккхина Москва гIала кIелхьараяьккхинчу шина тхьамдина хIоттийна бу, церан сий деш а, царна баркалла олуш а, халкъан иэсехь и шиъ висийта Iалашо йолуш а. Церан цIерш ю: эла Пожарский Дмитрий, тIеман баьчча Минин Козьма. Халкъо шаьшшиъ мостагIашна дуьхьал эскар гIатто хаьржича, цхьаьна араваьлла и ши къонах халкъан а, Россин а дуьхьа. Цу шимма куьйгалла а деш, цу тIамехь халкъо толам баьккхина. Иза хилла 1612-чу шеран 4-чу ноябрехь. Цундела и де Халкъийн цхьааллин де санна билгалдоккхуш ду.
Иза пачхьалкхан дезде ду. И де харжар ларамаза нисделла а дац. Цуьнан деа бIе шаре дIаяхна истори ю. Цуьнца боьзна бу Россин историн XVII-чу бIешеран хиламаш. Шаьш Москва гIала мукъаяьккхича, дуьххьара цига чувеанарг Пожарский Дмитрий ву. Толам баккхарна лерина, шен харжех ЦIечу Майданахь дечиган килс яйтина цо. Цул тIаьхьа, Москвахь цIе а яьлла, и яьгча, 1635-чу шарахь тIулган Казански килс йо бахархоша. Москва а, Росси а кIелхьараяккхаран дезде пачхьалкхан дезде санна 1649-чу шарахь дуьйна билгалдаккха долийна. Цу шеран 4-чу ноябрехь паччахьо Алексей Михайловича указ арахецна, и де пачхьалкхан дезде санна билгалдаккха аьлла. Россехь 1917-чу шарахь Октябрьски революци хиллалц даздеш дара и де пачхьалкхан дезде санна. Иштта ю «Халкъийн цхьааллин де» цIе йолу дезде кхолладаларх йолу истори.
Россин Президента Путин Владимира 2005-чу шарахь арахецначу указца пачхьалкхан керла дезде, Халкъийн цхьааллин де, санна даздеш ду и таханлерчу дийнахь. Иза билггал цу дийнахь даздар юкъадаьккхина Россин Динашна юкъарчу совето. Цундела светски дезде хилла ца Iаш, динан дезде а ду иза, вайн пачхьалкхан берриге а бахархоша билгалдоккхуш долу.
Нийса хир дацара, Халкъийн цхьааллин де хьалха Советски Союз йолчу хенахь шуьйра даздеш хиллачу 7-чу ноябран дийнан метта ду аьлча. Амма и ши де къаьсташ ду, шайн чулацаме а, маьIне а хьаьжжина. Халкъийн цхьааллин де даздечу хенахь концерташ а, демонстрацеш а, адамаш колоннашкахь гIалийн урамашкахула дIадахар а хуьлу. Цу дийнахь Кремлевски Йоккхачу зала чохь даздаран хьолехь правительственни тIеэцар дIахьо. Росси кхиарехь, цо тайп-тайпанчу дакъошкахь толамаш бахарехь жигара дакъалаьцначу нахана совгIаташ до цигахь.
Цу суьйранна шатлакхаш а, коцерташ а, тайп-тайпана шоуш а, нехан самукъадоккху гIуллакхаш а дIахьо Москвахь а, яккхийчу ерриге а гIаланашкахь а.
Нахана дезаш дезде хилла схьадогIу 4-гIа ноябрь. Россех, шайн Даймахках, цуьнан дIадаьллачух а, тахана долчух а баккхийберо а, цуьнан хиндолчух тешаро а, цхьаьна а тоьхна, цхьа халкъ до вайн махкахь бехачу бахархойх.
Россин дуккха а къаьмнех лаьттачу барт болчу доьзалан дакъа хилла лаьтта вайн нохчийн халкъ. Вайн исторехь а даьхкина бодане а, Iовжаме а денош. Амма вай гуттар а хилла Делах тешаш а, Цуьнан доза доцу къинхетам вайна тIебоссаре, кханалерчу дикане сатесна.
Тахана вайн республикехь маьрша хан ю, тIеттIа толуш, хазлуш ду вайн дахар. Шен куьйгаллехь халкъан тешаме кIант Кадыров Рамзан волчу Iедало дерриге а до вайн а, тIекхуьучу тIаьхьенан а кхане ирсе а, токхе а хилийтархьама. Россин кхечу субъекташкахьчул оьшуш дац вайн республикин бахархойн дахар а, регионан кхиар а, ткъа цхьадолчунна тIехь вайх масал эца лууш бу вайн лулахой а, кхечу регионашкара нах а. Вайн дуккха а диканиг ду царна дIагайта. Республике баьхкина нах цецбовлий буьсу кхузахь долу хьал а, бахархоша доггах хьошалла лелор а шайна гича. Халонаша эша ца бина нохчий, ца кхолийна церан дог-ойла, цаьргахь оьгIазалла яц, уьш дерриге а къаьмнашца бертахь а, машаре а баха лууш бу, цхьа доьзал а хилла.
Россин кхечу къаьмнаша санна, Халкъийн цхьааллин де ерриге а Россин юкъара а, халкъ цхьаьнатохаран а де санна тIеоьцу вай. Цу дийнахь хилла ца Iаш, ерриге а тIейогIучу хенахь а вай цхьабарт болуш халкъ хилар дуьненна а дIагойтур ду вай.
АРСАНУКАЕВ МУСА
№123, шинара, лахьанан беттан 3-гIа де, 2015 шо