Iалам лардарна лерина форум хилира

Нохчийн пачхьалкхан университетехь Кавказан экологин форум хилира. Цигахь дакъалецира Къилбаседа Кавказан Ломан-металлургин институтан профессора Хузмиев Измаила, Россин Федерацин Iилманийн Академин географин институтан Iилманан лакхарчу белхахочо Гуня Алексейс, Россин Федерацин Iилманийн Академин академика, Россин юьртан бахаман министерствон даьхнилелоран а, дохнан хIу тодаран гIуллакхан а департаментан директоран заместитела Амерханов ХIарона, профессора Кочуров Бориса, кхечара. Билгалдаккха деза, экологин форум Нохчийн пачхьалкхан университетехь хIинца шолгIа дIахьош хилар.56660_original

Баьхкинчу хьешашка маршалла а хаьттина, Нохчийн пачхьалкхан университетан хьалхарчу проректора Киндаров Заура экологин форуман болх кхиамца дIахьуриг хиларх ша тешна хилар хаийтира. Цо билгалдаьккхира, и санна йолу форумаш чIогIа мехала хилар, экологин тема коьртачех хилар.

Цул тIаьхьа цхьана хеннахь тайп-тайпанчу кабинеташ чохь 6 «горга стол» хилира. Уьш тайп-тайпанчу теманашна лерина яра. Масала, «Лаьмнаш – вайн мохк токхамех ларбан чIагIо ю», «Хи а, Iалам а бехдаларх лардаран некъаш», «Кхачанан сурсатийн кхерамазалла а, юьртан бахаман экологи а».

«Лаьмнаш – вайн мохк токхамех ларбан чIагIо ю» аьллачу темина леринчу «горгачу стоьлехь» хилира тхо. Цигахь оцу темина лерина доклад йира профессора Кочуров Бориса. Цуьнга ладугIучеран семачу тидамехь дара цо мел олу дош а. Шега ладогIа дог догIур долчу кепара а, чулацаме а дийцира цо лаьмнех дерг. Докладан хьокъехь шайн кхоллаелла ойланаш йийцаре йира цуьнан дакъалацархоша.

«Горгачу стоьлийн» хIора тема а шатайпа мехала яра. Иштта йолу форумаш вовшахтохар чIогIа оьшуш гIуллакх ду.

З.ЛОРСАНОВА

Авторан сурт   

 

№123, шинара, лахьанан беттан 3-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: