Къаьмнийн культурийн де
МАЙКОП. Россин халкъийн цхьааллин Денна тIекхочуш Адыгейн пачхьалкхан университетан студенташа вовшахтуьйхира ламасталлин хилла дIахIоьттина йолу къаьмнийн культурийн фестиваль. Цуьнан гурашкахь хIокху деношкахь студенташа хIоттийра шена юкъайогIуш халкъийн эшарш, хелхарш, къаьмнийн даарш, тайп-тайпана ловзарш хилла «Дозанаш доцу доттагIалла» аьлла йолу концерт.
Университетехь билгалдоккхуш ма-хиллара, оцу гIуллакхаша гIо до студенташна юкъахь къаьмнашна, динашна юкъахь барт чIагIбаран ойла кхоллаялийта, иза яржо. Изза Iалашо йолуш ю цигахь октябрехь схьайиллина «Интернациональни доттагIаллин клуб» а.
Билгалдаккха догIу хIокху деношкахь университето шен 75 шо кхачар даздина хилар. Оцу дийнахь схьайиллира «Якуб Коблев» аьлла цIе тиллина йолу студенташна лерина йолу спортан дворец. Даздаран хьолехь гIуллакхана юкъаялийра шиъ керла юкъараIойла, поликлиника, ткъа иштта юкъараIойла а йолуш, университетан колледжехь дешаран-лабораторийн корпус.
Кху шарахь университетан 12 факультете а, шина институте а тIеэцна цхьа эзар абитуриент. Иштта тидам тIебахийта богIу оцу лаккхарчу дешаран заведенехь дуьненан 26 махкара 600 гергга студент хилар а.
Схьайиллина Россин исторически юкъараллин отделени
МАХАЧКАЛА. ХIокху деношкахь Дагестанан пачхьалкхан университетан конференц-залехь дIаяьхьира Россин исторически юкъараллин кхеташо. Цуьнан балхахь дакъалоцуш бара Россин Iилманийн академин Дагестанан Iилманан туьшан историн, археологин, этнографин институтан а, Дагестанан пачхьалкхан университетан а, Дагестанан пачхьалкхан педагогически универститетан а Iилманчаш-историкаш, ткъа иштта ДГУ-н проректор Гасанов Мохьмад, Россин Пачхьалкхан Думин аппаратан отделан куьйгалхо, историн Iилманийн кандидат Могилевский Константин, А.С.Пушкинан цIарахчу пачхьалкхан институтан ректор Русецкая Маргарита, пачхьалкхан литературни музейн директор Бак Дмитрий, РАН-н ДНЦ-н вице-президент профессор Гаджиев Муртазали, ДГУ-н историн факультетан декан Булатов Башир, меттигерчу вузийн векалш.
К.Могилевскийс билгалдаьккхина ма-хиллара, Россин историн юкъаралла меттахIоттийна дукха яцахь а, тахана иза историн культура кхолларан, истори Iаморан, цуьнан хаарш шуьйра довзийтаран шатайпана йолчу пачхьалкхан а, пачхьалкхан йоцчу а организацешна юкъахь уггаре а якхийчарах цхьаъ хилла дIахIоьттина. Цо йовзийтира организацин коьрта Iалашо: регионийн отделенешкахь гIуллакх дан жигаралла лакхара йолу адамаш харжар, Россин исторехь дIадаханарг Iаморна кегийрхой юкъаозор, махкахошкахь патриотизман ойла кхоллар, культурин тIаьхьенан объекташ ларъяр, историн хIолламаш меттахIиттор, юкъаралло гIо а лоцуш, тайп-тайпана фестивалаш, лахаран белхаш дIабахьар, музейшна гIо дар, историн фондаш Iалашъяр.
И дерриге а гIуллакхаш даггара бала кхачарца дийцаре динчул тIаьхьа цхьаьнакхетаран дакъалацархоша Россин Пачхьалкхан Думин депутат Умаханов Умахан цхьабарт болуш хаьржира Россин историн юкъараллин Дагестанан отделенин куьйгалхо.
Л.МАГОМАЕВ
№123, шинара, лахьанан беттан 3-гIа де, 2015 шо