Россин инзаре даккхий а, башха а мехкаш ду. Цу мехкийн Iалам хилла ца Iаш хаза, цигахь дехаш долу къаьмнаш а ду инзаре хаза.
Вайна хаьа, Россехь дуккха а къаьмнаш дехаш хилар – оьрсий, г1езалой, удмурташ, нохчий, якуташ… Кхин муьлха къаьмнаш деха-те Россехь? Мехкан дозанийн йистошкахь кIезиг девзаш а, шайн барамца кегий долу къаьмнаш а ма ду дехаш, вуно товш шайн культура а йолуш.
Россихошна юкъахь оьрсий 80 процент бу. Россехь дехаш долчу къаьмнийн ц1ерш йохуш вехха 1ан везар. Хьал девзачара дийцарехь, махкахь дехаш 100 сов къам ду.
ГIезалоша россихошна юкъахь 3,8 процент дIалоцу. Цу къоман шен мотт а, шен къоман векалш бехаш йолу тайп-тайпана регионаш а ю.
Цул совнаха, гIезалойн къоман масех этнически тоба а ю: гIирман гIезалой, Волга-Уралера, Сибиран гIезалой, иштта дIа кхин а. Царах дукхахберш Поволжьен регионехь беха.
Башкираш россихошна юкъахь 1,2 процент бу. Царах дукхахберш беха Алтайхь, Тюменехь, иштта кхечанхьа.
Этнологаша тахана а ца къастийна, цу къоман цIе мичара схьаяьлла бохург. Башкирийн культура къаьстина йовзийтинарг оцу къоман туьйранаш ду.
Чувашаш россихошна юкъахь 1,1 процент дIа а лоцуш, доккха къам ду. Дукхахболу чувашаш, шайн республикехь баьхна ца Iаш, ГIезалойчохь а беха. Тахана а церан коьрта корматалла хилла юьсуш ю латта а, даьхни а лелор.
Чувашийн культура а ю хьал долуш. Ширачу хенашкара дуьйна схьайогIуш, шайн мифологи а ю церан. 30 сов духар ду цара шайн къоман лоруш.
Цхьа миллион сов шайн векалш болчу Россерчу къаьмнех лаьцна вайна дуккха а хаьа. Амма вайн махкахь ду наггахь бен хьахош хезаш доцу кегий къаьмнаш.
Иштта, Волго-Вятски районехь дуккха а бIешарашкахь деха марийцийн а, мордвийн а къаьмнаш. Къилбаседера район – карелийн а, комийн а, саамхойн а, ненцийн а Даймохк бу. Ткъа Уралехь беха удмурташ а, коми-пермякаш а.
Малхбузера Сибирь – селькупийн а, алтайхойн а, мансихойн а, хантийн а, шорцийн а мохк бу. Малхбалера Сибирь – тувинхойн а, бурятийн а, хакасийн а, долганийн а, эвенкийн а.
Генарчу Малхбалехь беха якуташ, корякаш, эвенаш, удэгейцаш, нанайцаш, орочиш, иштта дуккха а кхиберш а.
Шаьш кегий къаьмнаш хиларх, царах дукхах болчара Iалашдина шайн азаллера долу «динаш». Цара дин а дина, лелош ерг анимизм а (акхарой а, Iаламан сурсаташ а деланаш ларар), шаманство а ю (шаманойх тешар – синошца къамелаш деш болу нах).
Говзанчаша билгалдаккхарехь, Россехь а, кхиболчу муьлххачу а махкахь санна, бахархойн барам хьала-охьа баларан хьал ду. Цара чIагIдарехь, боккха эшам хилла кхузарчу украинхойн а, белорусийн а, мордвийн а барамна.
Амма шайн векалш алсамбовлуш долу къаьмнаш а ду вайн махкахь: эрмалой а, нохчий а, таджикаш а.
Россера дуккха а жуьгтий дIабахана. Иштта, махкара алссам дIабаханчарна юкъахь бу немцой а.
Делахь а, кегийчу къаьмнийн барам, меллаша белахь а, алсамболуш бу.
Уггаре а коьртаниг ду къаьмнийн вовшашна юкъахь яккхий башхаллаш йоллушехь, уьш цхьана махкахь бертахь дехаш хилар, царна массарна а даха цхьабосса бакъо а, аьтто а хилар.
И.ИСЛАМОВ
№123, шинара, лахьанан беттан 3-гIа де, 2015 шо