Радион ЦIийнехь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель Элембаев Алихан цхьаьнакхийтира республикин уггаре а жигарчу юкъараллин организацешца.
ТIекхуьучу чкъураца кхетош-кхиоран декъехь беш болу а, бан лерина а белхаш бийцаре бира цхьаьнакхетарехь. Иштта дийцира «Иблисан пачхьалкхо» кегийрхошна беш болчу тIеIаткъамах лаьцна.
– Вайна уггаре а хьалха вешан берийн телефонаш чохь хIун ду хаа деза. Уьш хьаьнца доттагIалла лелош бу, церан хьаьнца бала бу а. Дас-нанас нийса хьехам беш кхион деза шайн бераш. Республикин куьйгалло, динан урхалло дукха болх бо кегийрхой ийманехь кхетош-кхиорехьа. Дай-наношна доккха гIо-накъосталла ду иза, – элира А.Элембаевс.
Иштта дийцаре дира къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон гIоьналлин грант яла хьакъ йолу уггаре а жигара юкъараллин организаци къасторан хьокъехь долу гIуллакхаш.
Цигахь мел хиллачу организацин векалша шаьш беш болу болх а, шайн лаамаш а бовзийтира. Цхьаьна болх бан барт хилла йолу организацеш вовшахкхетта школашкахь а, кхийолчу учрежденешкахь а болх дIахьуриг хилар билгалдаьккхира.
Цхьаьнакхетар дерзош юкъараллин организацешна оьшшучу хIуманна тIехь гIо-накъосталла дийриг хилар хаийтира А.Элембаева.
Хь.МАРТАНОВА
№123, шинара, лахьанан беттан 3-гIа де, 2015 шо