Дийцаре дира даздаршна кечамбаран гIуллакхаш

Вайн махкахь мел дехачу халкъийн уггаре а мехалчех цхьаъ ду 4-чу ноябрехь билгалдоккхуш дерг. Россин халкъийн цхьааллин де ду иза. Хууш ма-хиллара, вайн махкахь дехаш бIе сов къам ду. Оцу къаьмнийн цхьаалла, барт хиларехь бу вайн пачхьалкхан ницкъ. Цунах дика кхета оцу дерриге а къаьмнийн векалш. Цундела тахана вайн сийлахь-йоккхачу Россехь барт а бу, иза нуьцкъала пачхьалкх а ю. Цунах вай массара а дозалла а до.

    Россин халкъийн цхьааллин де Нохчийчохь хьакъ ма-дду даздаран гIуллакхаш вовшахтохарна лерина кхеташо дIаяьхьира кху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Кадыров Ислама. Цигахь дакъалоцуш бара правительствон декъашхой, даздарш дIадахьарна жоьпалле болу даржашкара кхин нах.

Кадыров Ислама билгалдаьккхира Россин халкъийн цхьааллин де Нохчийчохь дерриге а халкъан дезде дина дIахIотто дезаш хилар. «Ламасте дирзина оцу дийнахь дIахьочу даздаршкахь эзарнаш наха жигара дакъалацар. Вайн декхар ду оцу дийнахь республикин бахархойн а, хьешийн а самукъадаккхар, цаьрга садаIийтар, церан дог-ойла айъар. Делахь-хIета церан самукъадоккхуш хила беза артисташ. ГIалийн а, яртийн а коьртачу майданашкахь концерташ ялийта сценаш ян еза, ловзарш вовшахтохийта меттигаш кечъян еза. И болх тахана-кхана чекхбаккха а беза»,– бохура И.Кадыровс.

Цо гулбеллачеран тидам тIебахийтира коьрта даздарш Соьлжа-ГIали юккъехь, А.Кадыровн цIарахчу майданахь дIахьуриг хиларна. Цигахь вовшахкхетар бу гIалин бахархой, министерствийн, ведомствийн белхахой, кегийрхойн организацийн векалш, кхиберш.

Дагадаийта лаьа дIадаханчу шарахь Россин халкъийн цхьааллин де даздан еккъа цхьана Соьлжа-ГIалахь вовшахкхеттарг 40 эзар гергга стаг хилла хилар. Иштта даздарш дIадаьхьира Нохчийчуьрчу массо а гIалахь, районехь. Цигахь вовшахкхеттачу эзарнаш, эзарнаш бахархойн  самукъадаьккхира нохчийн эстрадин артисташа. Цул совнаха, ловзарш, синкъерамаш дIабаьхьира. Даздарш дерзийра исбаьхьчу шатлакхца.

И.Кадыровс ма-аллара, кху шарахь кхин а дика вовшахтоха деза вайн берриге а махкана доккхачу маьIне долчу денна лерина даздарш.

Д.АНАДЕВ

 

№123, шинара, лахьанан беттан 3-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: