Кхиазхошна – юхаметтахIотторан туш

Соьлжа-ГIалахь схьайиллина 100 кхиазхочунна лерина йолу Кхиазхойн юхаметтахIотторан туш. Цигахь дакъалаца веанера Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолу векал Меликов Сергей а, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а.IMG_1049

   Шен къамелехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхира ледара хьелаш долчу доьзалшна, церан берашна терго яр  Iедалан коьртачех цхьа Iалашо хилар.

«Баккхийчу нахана а, заьIапхошна а, хала бохкучарна а, доьзалехь дукха бераш долучарна а боккха тидам бу вай беш. ТIаьхьарчу пхеа шарахь, тIехь да-нана доцуш дисинчу 800 берана хIусамаш елла. Карара шо чекхдалале, кхин  75 берана а лур ю керла х1усамаш. Иштта доккха гIо-накъосталла халачу хьелашкахь болчу кхиазхошна а ду деш», – элира цо.

Кадыров Рамзана учрежденин белхахошка дехар дира, кхиазхошка шайн берашка санна хьовсахьара аьлла. «Хала а болуш, амма инзаре меле болчу цу балхаца шу ларориг хиларх  тешна ву со. Дала шун а, шун кхиазхойн а аьтто а бойла, тIаьхье беркате  йойла», – элира цо кхиазхойн юхаметтахIотторан туьшан коллективе.

Цул тIаьхьа дош делира Меликов Сергейга. «Нохчийчоь кхуьуш хиларна а, кхидIа кхиа кечлуш хиларна а юха а теш хIуттуш ву со», – элира цо. Нохчийчоь кхуьуш хилар а, кхерамазаллин субъект хилар а дIагойтуш болчу кху хиламца кхузахь лаьтташ болу Соьлжа-ГIалин а, ерриге  а Нохчийн Республикин а бахархой декъалбо ас», – элира Меликов Сергейс.

Билгалдаккха догIу, оцу учрежденин белхан коьрта некъ – шен кхиазхойн хьелашка хьаьжжина, хIоранна а шен-шен программа а хIоттийна, цу тIехь болх бар хилар. Иштта, кхиазхошна дийнахь пхоьазза яахIума а лур ю, деша а, спортехь кхиа а, медицинин муьлхха  гIо кхачо а аьттонаш а бийр бу царна.

Учрежденехь болх беш пхи отделени хир ю. Оьшуш мел болу гIирс а, аппаратура а эцна. Иштта цу чохь болх бийр болу белхахой а бу хьалххе Iамийна. Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин гIоьналлин фондан чоьтах йина ю туш.

И.ХАСАХАНОВ

Авторан сурт

 

№123, шинара, лахьанан беттан 3-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: