1980-чу шерашкахь Къилбаседа-Х1ирийчоьнан Дигора г1алин, Нохчийн Республикин Шела юьртана юккъехь дуй биъна доттаг1алла тасаделира. Цул т1аьхьа Нохчийчохь хилла т1емаш бахьана долуш доттаг1алла херделлера.
Дукха хан йоццуш и доттаг1алла карладаккха а, дендан а Х1ирийн Республикин Дигора г1алин векал Карданов Тимур веара Шела г1ала.
Шелан администрацин куьйгаллин векалша Домбаев 1умара, Бачаев Ибрах1има дика т1еийцира Х1ирийчуьра хьаша.
Цигахь дийцира 30 шарахь шина а республикехь хиллачу политикин экономикин, социальни хьелех лаьцна. Цул т1аьхьа хьешана Шела йовзийтира. Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолчу спортивни комплексе, культурин ц1ийне, иштта ян йолийначу «Шали-Сити» комплексе, Р.Кадыровн ц1арахчу маьждиге вигира хьаша.
– Шела хаза тойина, еш кхин а тайп-тайпана комплексаш ю. Бахархошна 1ан а, пайдаэца а беркате меттиг ю. Суна тахана кхуза кхачар мехала хета, х1унда аьлча кхузахь долу хьал а девзи, дуккха а гергара нах а ги, керла гергарлонаш а тасадели. Нохчийчоьнал арахьа долчу къаьмнех цхьаболчу наха кхуза вар кхераме ду бохург бакъ цахилар билгалдели, – элира Т.Кардановс.
Цхьаьнакхетар дерзош, цхьаьна белхаш беш, юкъаметтигаш, доттаг1алла ч1аг1дан шайн боккха лаам хилар хаийтира Шела г1алин администрацин векалша а, Х1ирийн Республикин Дигора г1алин векала Т.Кардановс а. Шелахой шаьш долчу хьошалг1а кхайкхира х1иричо, доттаг1аллин уьйр-марзонаш ч1аг1ъян.
Хь.АВХАДОВА
№123, шинара, лахьанан беттан 3-гIа де, 2015 шо