Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Халкъийн цхьааллин денца доьзна9ee9be79

Хьомсара махкахой!

Декъалдо шу халкъан цхьааллин Денца!

ХIокху дезчу дийно тоьшалла до вайн пачхьалкхан дуккха а бIешерийн а, хастаме а истори хиларна. ХIокху дийнахь вай дагалацарца, хьакъ доллу сий-ларам бо вайн мехкан маршо, паргIато, бозуш цахилар лардарца, сийлалле кхаьчна вайн сийлахьчу дайн.

Россин халкъийн, тайп-тайпанчу къаьмнех долчу, тайп-тайпана дин лелош долчу адамийн цхьаалла вайн пачхьалкхан сийлаллин а, иза эшалург цахиларан а чIагIо ю.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо къаьсттина тидам тIебохуьйтура къоман политикина. Цо даима а олура вайн ницкъ цхьааллехь бу. Ахьмад-Хьаьжас, кIорда ца деш, юх-юха а олура нохчийн махкахь машар а, цIиндалар а, зазадаккхар а хир дац, хила йиш а яц берриге а бахархойн, церан къоман, динах тешаран, социальни статусан, дуьнене болчу хьежаман билгалонех доьзна доцуш, цхьаалла а, барт а ца хилча, олий.

Шен и хьикмате политика бахьанехь Ахьмад-Хьаьжин аьтто белира вовшашца йолу галморзахаллаш цкъа а дIаевр яц аьлла хеташ дIасаекъаелла йолу юкъаралла цхьаьнатоха, цуьнан барт бан. Цхьаьна а кхетта вай, букъасурт а кагдеш, ондда тохар дира дуьненаюкъарчу терроризмана, меттахIиттийра йохийна гIаланаш а, ярташ а, исбаьхьа, стиглах бохь хьекхалуш цIенош дира, больницаш, школаш йира.

Вайн массеран а хьуьнаре къинхьегам бахьана долуш тахана Нохчийн Республика токхе, зовкхе, кхиъна регион хилла дIахIоьттина. Кхуза хьеший оьху оцу хазаллех, кхиамех ирс, беркат эца а, вайна зеделлачух пайдаэца а.

Вай, Нохчийн Республикин берриге а бахархой, боккха, бертахь цхьа доьзал бу. Вайн цIа чохь болу барт, машар ларбан беза вай. ТIаккхий бен вай кхачалур дац хьалха хIоттийначу Iалашоне. Вайн юкъаралла лаккхара кхиъна яран а, республика кхиаме, тешамца хиндолчуьнга хьоьжуш яран а Iалашо ю иза.

Хьомсара махкахой! Лаьа шун ирс, аьтто, могашалла хуьлийла. Декъалдойла шу!

 

№123, шинара, лахьанан беттан 3-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: