Мисарарчу Шарм-аль-Шейх аэропортера Санкт-Петербурге догIуш долу пассажирийн кема Синай ахгIайри тIехь доьхна. Цу тIехь хилла 224 стаг кхелхина.
***
Мисарехь кема дохарца доьзна дуьненарчу ерриге а бохург санна пачхьалкхаша кадам бина Россин куьйгалле а, халкъе а.
***
ОвгIанан Iедалан эскарша ондда тохар дина Таджикистанан дозанна юххехь вовшахкхетта хиллачу талибашна. Царах 30 сов стаг хIаллаквина.
***
Шеман Iедалан эскарша «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашкара тIаьхьарчу цхьана баттахь 50 сов гIала схьаяьккхина. Масех де хьалха террористийн аьтто баьлла Махин гIала дIалаца.
***
Румынин коьртачу шахьарарчу (Бухарийн) буьйсанан клубехь цIе ялар бахьанехь 29 стаг кхелхина, лазийнарш а, багийнарш бIе гергга бу.
***
Сомали пачхьенехь экстремисташа тIелатар дина цхьана хьешацIенна. Цигахь иттех стаг вийна, чевнаш хилларш шозза алсам бу.
***
«Исламан пачхьалкхана» мехкадаьтта дохкарх хIора шарахь хуьлуш болу пайда 1,5 миллиард доллар бу. Мехкадаьттанан къайлах биргIа ю Хонкара йиллина. Цу чухула мехкадаьтта къовсарх а хуьлу террористашна хIора баттахь миллионашкахь долларш.
***
Хонкарахь кIирандийнахь парламентан харжамаш дIабаьхьира. Цигахь дакъалоцуш бара 15 партин векалш. Юьхьанцарчу жамIашца толам баьккхина мехкан Президентан Р.Эрдоганан партис.
***
ТIаьхьарчу деа дийнахь дуьненаюкъарчу хIорда чохь велла 60 сов мигрант. Царна юкъахь бераш а, зударий а бу.
***
Хьалхарчу ноябрехь билгалдаьккхира Евросоюз вовшахтоьхна 22 шо кхачар. Тахана цу юкъайогIу Европера 27 пачхьалкх. ЕС-н ВВП-н барам 20 триллион доллар сов бу.
***
Украинин Iедалан эскарша Мариуполна уллехь хилла шайн даккхий герзаш дерриге а юхадаьхна. Цкъачунна ларъеш ю «тийналлин» раж.
***
Дозанал арахьара цIена машенаш Россехь йохкар хIокху цхьана шарахь шозза лахделла.
***
Леррина операци дIахьочу хенахь хIокху деношкахь ГIалгIайчохь хIаллаквина кхо террорист. Цу хьокъехь хаам бина республикин МВД-хь.
№123, шинара, лахьанан беттан 3-гIа де, 2015 шо