Нохчийн халкъана бохам т1ех1оьттинчу шерашкахь махкахь уггаре а хьалха г1оьналлин куьг кховдийначарах бара Саратовски областан куьйгалхой а, цаьрца цхьаьна регионера бахархой а. Т1амо дерриге а х1аллакдар бахьанехь к1ел баха тхов боцуш бисина б1еннаш нохчий даггара т1еийцира областехь, далуш долу г1о дира царна материальни декъехь, дикка белхан меттигаш а нисйира.
Пхийттех шо хан яьлла х1етахь дуьйна. Вайн халкъана буьрса даьхкинчу оцу шерашкахь тасаделла доттаг1алла х1ора шарахь т1етт1а ч1аг1луш схьадог1уш ду тахана а. Шина регионан куьйгалло боккха тидам т1ебохуьйту и з1енаш, вовшашна юкъахь йолу уьйраш ч1аг1ъярна, уьш кхид1а а кхиорна. Билгалъяккха йог1у Приволжски федеральни округехь волчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун векала Элесов Сайд-Ахьмада а, областехь волчу Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векалан векала Бахтеев Ислама а оцу г1уллакхана юкъаюьллуш йолу хазна. Цунна кхин а цхьа тоьшалла хилира Саратовски областан юкъараллин йоккха делегаци дукха хан йоццуш вайн республикехь хьошалг1ахь хилла хилар.
Вовшашна юкъара з1енаш ч1аг1ъярехь вайн хьеший доккха хьашт долуш хилар гойтура делегацина юкъабог1уш хиллачу декъашхоша а. Царна юкъахь вара Саратовски областан Правительствон председателан заместителан хьехамча, цигарчу дешаран министерствехь йолчу Юкъараллин Кхеташонан председатель Саратовский Сергей, областан дешаран министран хьехамча Липидин Александр, областехь берийн бакъонаш ларъяран Векалан г1оьнча, регионан дешаран ведомствехь йолчу Юкъараллин кхеташонан председателан заместитель Гончаров Денис, «Союз женщин России» боламан регионан отделенин векал Шевчук Елена, кхиберш. Хьеший хилира Сийлаллин аллейхь, уьш цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин 1илманийн Академин а, хьехархойн институтан а векалшца.
Беза хьеший иштта т1еийцира Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векала Нухажиев Нурдис а. Къамел долош цаьрга маршалла а хоттуш, цо билгалдаьккхира берриге махкахь а санна, вайн шина регионехь а къаьмнашна, динашна юкъахь йолу юкъаметтигаш ч1аг1ъярна иштта цхьаьнакхетарш ч1ог1а мехала хилар. Гулбеллачарна Векала кхин цкъа а дагадаийтира нохчийн лаьтта т1ехь т1емаш болчу хенахь Россин регионашна юкъахь вайн халкъе уггаре а хьалха г1оьналлин куьг кховдийнарг Саратовски область хилла хилар.
«Саратовски областаца шатайпана доттаг1аллин юкъаметтигаш кхоллаелла тхан, – бохура Н.Нухажиевс. – Нохчийн халкъо цкъа а дицдийр дац областан бахархоша тхан лазамна даггара делла жоп, т1амах бевдда бахана тхешан дуккха а махкахой цигахь т1еэцар, церан дог лазарца г1айг1абар, цаьрца шайн кхерч бекъар».
Адамийн бакъонаш ларъяран Векала иштта билгалдаьккхира т1амо х1аллакбина хилла бахам меттах1отторна т1ехьажийна республикин куьйгалло боккха ницкъ т1еберзор бахьанехь т1амо 1аьржачу т1ома к1ел лаьцна хилла республика тахана Россехь уггаре а сиха кхуьуш йолчу регионех цхьаъ хилла д1ах1оьттина хилар. Цунна хетарехь, и толам т1еч1аг1бан беза, ткъа цуьнга кхачархьама ч1аг1ъян еза Россин халкъийн доттаг1аллин уьйраш. Тахана къаьсттина мехала ду вайн махкахь къаьмнашна, динашна юкъара машар ч1аг1бар. Ткъа иза дан ницкъ кхочур бу культурин з1енаш кхиорца, ч1аг1ъярца, г1иллакхаш меттах1итторца, оцу г1иллакхашца кегийрхой кхетош-кхиорца. Иштта цхьаьнакхетарш оцу г1уллакхана пайдехь хирг хиларх тешна ву Векал.
Вовшашна юккъера доттаг1аллин юкъаметтигаш кхио а, вовшашна зеделларг шуьйра довзийта а дезаш хиларца реза бара хьеший а.
«Изза ю тхан коьрта 1алашо а – билгалдаьккхира Саратовски областан правительствон председателан заместителан хьехамчас, дешаран министерствехь йолчу юкъараллин кхеташонан председатела Саратовский Сергейс. – Шун республике хьошалг1а дог1уш оха тхаьшна хьалха х1иттийначу коьртачу декхаршна юкъахь дара д1адаханчу шерашкахь вовшашна юкъахь кхоллаелла уьйраш, ша аьлча, дешаран а, культурин а дакъошкахь, кхид1а а кхиоран некъаш цхьаьний лахар, ткъа иштта зеделларг довзар. Тхуна хаьа шу долчохь адамийн бакъонаш, берийн бакъонаш ларъяран декъехь доккха зеделларг дуйла. И зеделларг довза а, тхаьш долчохь юкъадало а 1алашо ю делегацин декъашхойн. Вовшашна юкъахь оцу кепара уьйраш ч1аг1ъяр пайдехь хир ду аьлла хета суна шина а аг1онна».
С.Саратовскийс даггара баркалла элира вайн шина регионна юкъара юкъаметтигаш тоярна а, кхиорна а т1ехьажийна дуккха а г1уллакхаш дечу Приволжски федеральни округехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун векална Элесов Сайд-Ахьмадна. Иштта тидам т1ебахийтира Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъяран Векалан Саратовски областехь волчу векала Бахтеев Ислама регионехь спорт кхиорна юкъа йоккха хазна юьллуш хиларна а.
Хьешаша лечкъа ца дора республикехь т1аьххьарчу шерашкахь хиллачу хийцамаша шаьш ч1ог1а цецдаьхна хилар. Нохчийн халкъ ондда машаран, кхиаран, зазадаккхаран новкъахь хиларна тоьшалла лорура цо и б1аьрла хийцамаш.
Цхьаьнакхетар чекхдолуш Саратовский Сергейс областан юкъараллин ц1арах Нухажиев Нурдина совг1ат дира «За благое» аьлла йолчу сийлаллин билгалонца. Иштта юкъараллин совг1аташ дира Элесов Сайд-Ахьмадна а, Бехтеев Исламана а. Сийлаллин билгалонашца, грамоташца билгалдехира Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векалан аппаратан белхахойн г1уллакхаш.
Хьакъ доллу совг1аташ дира Саратовски областера баьхкинчу хьешашна а. Саратовский Сергейна, масала, нохчийн Векала совг1ат дира «Граждански юкъаралла кхиорехь хьуьнарш гайтарна» аьлла йолчу шолг1ачу даржан мидалца. Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъяран Векалан «Стеган бакъонаш ларъярна» аьлла йолчу мидалца иштта совг1ат дира Саратовски областехь берийн бакъонаш ларъяран Векална Загородняя Татьянина. Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векалан «Граждански юкъаралла кхиорехь хьуьнарш гайтарна» аьлла йолчу хьалхарчу даржан мидалца совг1ат дира областан дешаран министрана Епифанова Маринина а, ткъа иштта Саратовски областан правительствон юкъараллин з1енийн, къоман политикин комитетан куьйгалхочунна Шинчук Борисна а. И совг1аташ цаьрга д1акхачор С.Саратовскийс шена т1елецира.
Мидалшца совг1аташ динчу хьешашна иштта совг1атана елира нохчийн вевзаш волчу журналистан, историкан Джабиров Ибрах1иман «Инарла Алиев» ц1е йолу книга а.
Нохчийчохь шайна динчу хьошаллех боккха там хилла ц1а бахара Саратовски областан делегацин декъашхой. Шина регионна юкъара уьйраш, доттаг1алла кхид1а а ч1аг1дарна т1ехьажийна шаьш долчохь билггал г1уллакхаш дийриг хилар чIагIдарна схьахоуьйтура хьешаша.
Л.АБУБАКАРОВ
№123, шинара, лахьанан беттан 3-гIа де, 2015 шо