Республикехь дика вевзаш волу иллиалархо Шарипов Казбек вина I971-чу шеран май беттан 30-чу дийнахь Нажи-Юьртан кIоштан Шоьна юьртахь. 1988-чу шарахь тIехдика дешарца чекхйоккху юьртара юккъера школа. Дешна Соьлжа-ГIаларчу искусствийн училищехь. Карарчу хенахь болх беш ву I.Шахбулатовн цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан филармонехь.
Кхоллараллин белхан лаккхара мах хадош, цунна елла «Нохчийн Республикин хьакъ волу артист», «Нохчийн Республикин искусствийн хьакъволу деятель» сийлаллин цIераш. «Шеран автор – 2011» къоман совгIатан лауреат а ву иза. ЛадогIархоша дезаш тIеэцначу 200 сов иллин автор ву Казбек. Цо дIаолуш долу дукхах долу иллеш шен дешнашна ша мукъамаш баьхна ду. Царех масех тахана шун кхиэле а дуьллу оха.
Даймехкан кIант
Ма дукха хьийзий хьо, дай баьхна латта,
Маршоне кхачор ду, хийламмо бохуш.
КIант валлалц, Даймехкан сий хилла, гIатта,
Наб кхетта вайн дегнаш, сама а дохуш.
Кхин довда, довла а меттиг а боцуш,
Къизалло шен буйна Iаьвшича вай.
Бакъон тIехь ша хилар, шеконехь доцуш,
Хада ца дайтира дахаран тай.
Милла а вацара шен сих дог диллал,
Деза дукъ тIелаца, реза хинверг.
Доьналла-м, хьаха бац, хьен-хьеннан кхача,
Къонах бен ца хуьлу цуьнан хам беш.
Доьзал а, шен са а, терзане дуьллуш,
Цо кхайкха ма йира нохчичун цIе.
Кхиа а, даха а вайна некъ буьллуш,
Дуьне а тоьшуьйтуш, бакъволчу шех.
Даймехкан дуьхьа цо шен са дIаделла,
Лахйина, эшийна Iожаллин дохк.
Адамийн дегнашчохь вац иза-м велла,
Тоьшалла цхьаъ ду-кха: хазбелла мохк.
Доккхачу ниIмате кхаьчна вай тахна,
Къонахчун некъ ларбеш, къонаха го.
Халкъ дезар, мохк безар, ду цуьнан бахьна,
Уьш мел бу, гур ма дац, махкана вуо.
Назма
Дахаро даьхница, шорто луш хьастарх.
Мел оьшург схьаделла токхедарх дог.
Iесачу ойланна, хьайн дог ма даста,
Галвале, зуламна ма баккха ког.
Бахамо Iехийна, куралла йоссахь,
Сихлолахь, хьем ца беш хьо дохко вала.
Рицкъанаш Делехь ду, хьо лаьтта восса.
Тоба дар, дезачех лерина Дала.
Къинхетам бехалахь, де-буьйса доцуш.
Дахар мел тодели, ийман совдаккха.
Муьлххарниг ву вайха Iожалло лоцур.
ДIаяхьа кхочунъерг Iамал ю тIаккха.
Бусалба хилалахь, леларца, дашца.
Дог цIена, комаьрша, къинхетаме.
Iамалаш совъяха, кIад ма ло цаьрца.
Везачу вай Далла ахь хастам бе.
Сан хьоме латта
Рицкъица тхо кхаьбна, тхан хьоме латта,
Хьан дика дицдина, оха хьо аьтта.
Зуламе ойланех ца гIирти къаста,
Хьо делхор, хьо хьийзор хийтира атта.
Ца кхийти, со вожжалц, хьо мара къуьйлуш,
Сихвелла ца вала, хIаваъ чу уьйзуш.
Дуьххьара, хьан хьанал йовхонах хьоьгуш
Ца соцу бIаьргийн хи, хьуна тIе оьгуш.
Я дан ма-деззара дола ца дина,
Къинхетам бицбелла ас хьо лазийна,
Хьайн кийра верзале гечдехьа суна,
Со валлалц, къинхетам, боьхур бу хьуна.
Да
Сан дас со, кхиийна гIиллакхе, оьзда.
Адмашца ваза а Iамийна со.
Сох дика мел дериг ду цунах доьзна,
Цундела ирс долуш ву тахна со.
Да хилча, адмаша дика дош олуш,
Дикалла, стогалла хеста а еш,
Со корта айина, ара ма волу,
Ишта да хиларах дозалла деш.
Сан ойла, сан амал – дас бина хьехам,
Со-м цуьнан дахаран куьзга ма ду.
Дуьненахь дел деза хIумма дац леха,
Да хилча сан кхане екхна ма ю.
Баркалла, адам деш, со кхиаварна,
Дукха ду диканиг дийца сан хьох.
Со ирсе вахийта, хьо ваьхна вара,
Зе-зулам цкъа а ца кхетийта сох.
Воккхачу стеган илли
Гена хьежа бIаьрса доцуш,
Iаса йоцург, накъост воцуш,
Керта тIе тийжаш, беша хьоьжуш,
Далур долу гIуллакх лоьху.
УьйтIахь ловзу кегий бераш –
Хьо хьоьгуш ду церан шераш.
ТIам бойна и аьрзу санна,
Хьо гатвелла хьийза стенна?
КетIарчу цу гIанта хиъна,
Карладаха хьайна лиънарш,
Хьайн жималла-аьрха амал
Жималлехь дIаяьхьна зама,
Ловзарашкахь дина хелхарш,
Мехкаршка ахь бина бегаш…
Хьо, дIатийна, хIунда къиэжа? –
Тамашийна ду хьан хьежар.
Хьайн лулахо аравоьхуш,
Цуьнца марзо ахьа йоькъу.
Жимчохь санна, вовшийн кхойкхуш,
Мел хиллариг говза дуьйцуш,
Цхьана ханна хецна воьлуш,
Моьтту, хенал шуьшиъ тоьла…
Амма сихха хеда биэлар,
Лаьтта доьрзий хуьлу хьежар.
…Хийла къона дилха къандеш,
Чкъура тIера хершнаш кIаргдеш,
Хан дIайоьду, болар эцна.
Рубрика дIахьошверг – Хь.АБОЛХАНОВ