Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу векалан С.А.Меликовн декъалдар

Халкъийн цхьааллин денца доьзна00440032

 

Хьомсара доттагIий, Къилбаседа Кавказан бахархой!

Даггара декъалдо шу Халкъийн цхьааллин денца!

Тахана билгалдоккхуш долчу дезачу дийнан къаьсттина, патриотически маьIна долуш, мехалалла ю. Цо вайна юха а дагадохкуьйту арахьарчу мостагIех юкъара Даймохк ларбарна ницкъаш цхьаьнатоха доьналла хилла болчу вайн дайн хьуьнар. Минин Кузьмин а, Пожарский Дмитрийн гIаттамхой дIора герзаш долуш а, тIамна кечбина а бацара, амма церан бIаьхаллин дог-ойла, российски пачхьалкхан йозуш цахилар юхуерзорехьа шайн догIмашкахь синош мел ду лата кийча хилар коьрта хилла дIахIоьттира. Цо таро елира мостагIий Москвара лахка. Исторически и дарсаш дагахь латтор къаьсттина мехала ду хIокху деношкахь, Росси юха а геополитикин баккхийчу кхерамашна, цу юкъахь Малхбузенан цхьамогIа пачхьалкхийн доттагIаллин йоцчу политикица боьзначу кхерамашна  юьхьа дуьхьал хIоьттинчу, Герггарчу Малхбалехь динан радикализман жигаралла лакхайолучу хенахь. Оцу хьелашкахь юкъараллин цхьаалла хиларх, синтем ларбарна тIедогIаделла хиларо, вайн махкана ламасталлин долчу эхь-бехк лардаран некъаца дIадахаро бен кхачо йийр яц вайн мохк маьрша кхиорна. Дуккха а къаьмнийн Къилбаседа Кавказехь дехачу халкъийн, уьш кхечарех къастош амал хилла, хIинца а ю Даймахке безам хилар, махкана баккъал а муьтIахь хилар. Кхузахь, кхечанхьа цхьанхьа а ца хуучу кепара, дика хаьа цхьааллин, доттагIаллин, лулахошца дика хиларан, гIо-орцанан мах. Цундела тахана шеко яц 4-чу ноябран де – Россин патриотийн деза де – округан берриге а бахархойн деза де хиларан. Лаьа шу самукъане, ирсе хуьлийла, шун къинхьегамехь кхиамаш, коьрта тIехула маьрша стигал хуьлийла. С.Меликов, Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Федеральни округехь юьззина бакъонаш йолу векал.

2015-чу шеран 4-гIа ноябрь

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: