Литературин рузма

Окуев Шима, яздархо, поэт, вина 1937-чу шеран ноябрь беттан 6-чу дийнахь Шуьйтахь. Дешна Нохч-ГІалгІайн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультетехь. Белхаш бина районан газетан редактор, школин директор, КПСС-н райкоман пропагандин отделан заведующи волуш. Амма шен дахаран коьрта гІуллакх литература лоьруш ваьхна иза.

1957-чу шарахь  дуьйна  зорбанехь гучуюьйлу  цуьнан  стихаш,  дийцарш.

Ш.Окуевн стихийн хьалхара «Сан Шуьйта» цІе йолу гулар араелира 1962-чу шарахь. Цул тІаьхьа дукха хье ца луш, ешархошка кхочу стихийн гуларш: «Лаьмнийн аз», «Лаьмнашкахь суьйре», «Лаьттан дай». 60-чу шерашкахь ешархоша езаш тІеийцира «Чорин дийцарш» цІе йолу забаре дийцарийн книга.

Яздархочун къаьсттина кхиам лара догІу «Лай тІехь цІен зезагаш» шина декъехь роман а, трилогин книгаш а: «Юьхь», «ЦІий, латтий», «ТІаьххьара верас». Оцу  произведенешкахь  Окуев  Шимас   вайн   махкахь   хилла революци а,  граждански   т1ом   а  гайтина. Дахар   къаго   я  хаздан   а  ца  г1ерташ,  ма-дарра   гайтар   яра цуьнан   1алашо.

Нохчийн литературехь шен бІаьрла лар йитинчарех ву Окуев Шима.

Яздархочун кхалхар хилла 1987-чу шарахь.

 

Рашидов Шаид, Нохчийн Республикин халкъан поэт, вина 1940-чу шеран ноябрь беттан 15-чу дийнахь Гуьмсан кIоштан Энгель-Юьртахь. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь. Белхаш бина нохчийн меттан, литературин хьехархо, школин директор, Гуьмсан кIоштан дешаран декъан куьйгалхо, ткъа иштта Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран гIоьнча, НР-н Iилманийн академин Iилманан белхахо волуш.

1968-чу шарахь дуьйна цхьаъ вукхунна тIаьххье араюьйлу поэтан стихийн, поэмийн гуларш: «Iуьйренан тхи», «Дайн латта», «Ломара цIе», «Дахаран аре», «Ненан бIаьрхиш», «Кхоллам», «Дикалла», «Сацахьа, латта», «Къайле»,  «Хаьржинарш», иштта кхин а.

Меттан чолхалла йоцуш, мукъамна аьхна йолчу цуьнан байташна тIехь дукха иллеш, эшарш яьхна нохчийн композиторша. 300 сов илли ду цуьнан дешнашна даьккхина, нохчийн гоьбевллачу иллиалархоша дIаолуш.

Ш.Рашидовс хьакъ йолуш лелайо «Нохчийн Республикин халкъан яздархо» сийлаллин цIе, Нохчийн Республикин Интеллектуальни центран «Дато бухIа» совгIатан лауреат а ву иза.

№124, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 5-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: