Къоман истори евза цуьнан белхашкахь

Дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIалахь хиллачу цхьана гайтамехь бевзина белхаш сих хьакхабелла, вайн къоман иштта говзанчаш хиларна хазахетар совделира. Далла хастам бира иштта похIме кегийрхой вайн хиларна. Хьовсархойн бIаьрга хьоьстучу белхийн авторш вайн махкахошна а бовзийта лиира тхуна. Тахана оха шуна, хьоме газетдешархой, вовзуьйту царах цхьаъ – ТIехьа-МартантIерчу Хаьмби-Ирзехь кхиъна а, вехаш а волу Мутулаев Юсуп.IMG-20151102-WA0065

Кхиамца Хаьмби-Ирзерчу школехь юккъера дешар чекх а доккхий, 2007-чу шарахь Юсуп деша воьду Нохчийн пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетан мехкадаьттан-механически факультете.

Жимачохь дуьйна а вара Ю.Мутулаев суьрташ дахкар дезаш. Уггаре а, хьалхара болх пеноблокех йина бIов яра. Циггахь го вайна цунна вайн къоман исторех хьакхалуш дерг деза хилар. Къаьсттина шена тидам тIебохуьйту «ТIеман йилбазмох» цIе йолчу балхо. Нохчийн къоман истори йовзуьйту автора цу тIехь. Лекхачу лома юккъехь лаьтташ йохийна бIов ю, цунна гуонаха  патармин исс чкъуьйриг ю, царах хьаьрчина кIохцалан сара а болуш. Автора оцу балхахь гайтина мел йоккха гIайгIа-бала тIехIоттарх нохчийн къам къарлург цахилар а, мостагIчуьнга иза эшалург цахилар а.

Дозалла дан а, хасто а дуккха а белхаш ду авторан, амма цунна ца деза ша а, шен белхаш а хестор. Царах цхьаъ гипсах бина «Цхьа чаккхе» цIе йолуш бу. Аьхкина каш, цунна гуонаха латта, коьртехь чурт го вайна цу тIехь. Шатайпанчу коша тIехь яздина йоза ду: «Валар диц ма де ахь, баккьал а  валар хьо вицвеш дац хьуна» аьлла. Юххе тIевахана чухьаьжначунна шен сурт го. Цо хьажархочун дагчу кхерам тосу, ойла йойту дахаран а, Iожаллин а.

Вайна гуонахарчу гIирсех пайдаоьцу цо шен белхашкахь. Масала: тIулг, сара, гипс, у, эчиг. ТIаьхьарчу хенахь дукха хьолахь гипсах гIуллакх до.

КIорггера ойла йойтуш, сих хьакхалуш  ду Ю.Мутулаевн белхаш. Оцу агIор (скульптуран декъехь) Юсупа болх бен пхи-ялх шо ду.IMG-20151102-WA0066

АллахIа делла похIма ца хилча далур долуш гIуллакх дац Юсупа дийриг. Ша бан лерина болх хьалххе дагалаьцна ца хуьлу цуьнан. Цо дийцарехь, цхьа хIума ян ойла хилча, охьа а хиъна,  ян волавеллачул тIаьхьа, ша-шах нисло цуьнан иза.

«ХIинца идейш дуккха а ю, амма уьш кхочушъян хан кIеззиг ю, – дуьйцура Юсупа. – Хьайна гонахарчу Iаламан сурт синхаамо схьалоцуш ца хилча а, иштта шен къоман дика а, вуон а дагах хьакхалуш, шен цIийца луьттуш ца хилча хIокху декъехь болх балур бац. И дерриге а ахь кхочушдахь хьовсархоша дика тIеоьцур бу хьан белхаш. Иза хьоьга ца далахь уьш «са доцуш» хир ду. Дерриге а дуьнен тIера къаьмнаш вайх цецдуьйлуш, тамаша беш ду. Халахеташ ду вайх цхьаберш кхечарах тарбала гIерташ лелар. Суна со говзанча ца хета. Сайн сих хьакхаделларг а, гуш дерг а гайта гIерта со сайн белхашкахь. Болх бечу хенахь сапаргIат долий садоIу ас», – бохура Ю.Мутулаевс.IMG-20151002-WA0018

Мутулаев Юсупан белхаш дуьххьара гайтаме даьхна 2013-чу шарахь Пятигорскехь дIаяьхьначу Къилбаседа Кавказан кегийрхойн «Машук» форумехь. Цул тIаьхьа 2014-чу шарахь Нохчийчохь дIаяьхьначу Кавказан халкъийн  культурин а, спортан а фестивалехь, иштта 2015-чу шарахь А-Хь.Кадыровн цIарахчу пачхьалкхан галерейхь, Къоман музейхь. Шен белхаш дуьнен чу даха цунна гIо до шен къоман фольклор, Iадаташ, ламасташ довзаро, сирлачу ойлано, похIма хиларо.

Дуккха а дипломаш а, грамоташ а ю Мутулаев Юсупан. Таханлерчу дийнахь иза «Нурэнергохь» инженеран болх беш ву.

Л.ИБРАГИМОВА

Авторан суьрташ

№124, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 5-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: