Шен цIахь ловзуш, рогIерчу матчехь Пермерчу «Амкар» командо жамI 1:0 долуш эшийна Соьлжа-ГIалара «Терек» команда. И цхьаьнакхетар Россин Премьер-лигин 14-чу турехь хилла дара. Оцу цхьаьнакхетаре хьовсуш хиллачу футболезархошна пермякаша вайн кевнна чу тоьхна и цхьа буьрка бен ца гира оцу суьйранна.
«Амкар» команда хьалхаелира шолгIа тайм йолалуш. Джикияс гIуданан буьрка туьйхира, иза цхьана футболистах а кхетта, ков долчу агIор дIаяхара. Вайн голпикеран аьтто белира буьрка схьалаца, амма иза карахь саца а ца елла, Уциев Ризванах а кхетта, сетки чу яхара. ЖамI 1:0 хилира.
Ловзарехь кхин хийцам бан аьтто ца белира «Терек» командин.
Рог1ерчу турехь Нохчийчоьнан коьрта команда Соьлжа-Г1аларчу «Ахмат-аренехь» ловзур ю Москварчу «Спартак» командица. Таханлерчу дийнахь вайн мехкан пачхьенера команда пхоьалг1ачу меттехь ю. «Амкарана» эшар бахьанехь «Терек» турниран таблицехь цул а кхо мог1а лахахь ю. Делахь х1ета, 7-чу ноябрехь д1ахьон йолчу матчехь соьлжаг1алахоша толам баккхаре сатуьйсур ду вай.
С.МАДАЕВ
№124, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 5-гIа де, 2015 шо