Нохчалла, стогалла, эхь, ийман, собар шеца долуш вуьззина нохчийн кIант, поэт, яздархо, философ, хьехархо хиллачу Айдамиров Абузаран сирла васт гуттаренна а дисина вайн махкахойн иэсехь.
Оцу дешнашца дIайолийра Хьалха-Мартан районан коьртачу библиотекехь хилла А.Айдамировн 86 шо кхачарна лерина суьйре.
Нохчийн маттаца, литературица уьйр-марзо йолу, Айдамиров Абузар вевзаш а, везаш а болу кхоллараллин белхахой бара цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш: Нохчийн Республикин халкъан яздархо, поэт Ярычев Iумар,
А.Айдамировн сийлахь, сирла цIе вайн халкъалахь а, дозанал арахьа йовзуьйтуш, цуьнан некъа тIехь схьайогIу, Россин Федерацин яздархойн союзан декъашхо Айдамирова Машар, «Единая Россия» региональни партин Хьалха-Мартан районехь волу куьйгалхо Абубакаров Абусолта, районан культурин отделан куьйгалхо Мусаева Тоита, культурин ветеран Имаев Тапа, нохчийн меттан говзанча Вагапова Асет, иштта республикин Яздархойн союзан декъашхой а.
– Вайн мехкан, халкъан дуьхьа ваьхна Айдамиров Абузар. Цунах лаьцна сирла дагалецамаш алссам хиларна вовшахкхетта вай тахана. И даггара везаш, цуьнца мерза гергарло лелийна, хьошалгIа дIаса ихна, цунах дагабилийна, тIаьххьарлера хан-зама цуьнца яккха ирс хилла, цуьнан накъостий бу вайца. ХIораммо а шайна вевзинчу агIор дуьйцур ду поэтах лаьцна. Дала декъалвойла иза, эхарт нуьре хуьлда цуьнан. Вайна цкъа а вицлур вац Абузар, – дийцира Хьалха-Мартан районан коьртачу библиотекин директора Сулейманова Зулайс.
Дуккха а дийцира цхьаьнакхетарехь Абузарах лаьцна, цуьнан бераллехь дуьйна схьа хиллачу дахарх а, кхоллараллин некъах а. Цуьнан байташ йийшира, произведенеш йийцаре йира. Дуккха а хиллера дагадан а, дийца а. ХIораммо а баркалла элира цунна лерина суьйре вовшахтохарна. Оцу кIеззигчу ханна Абузарах лаьцна дуьззина васт кхоллалур долуш довхачу, маьIнех дуьззинчу дешнашца, керлачу агIор вовзийтира и цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш хиллачу кхоллараллин белхахоша.
Нохчалла, къонахалла муха лело деза кIайчу кехат тIехь Iаьржачу йозанца дитина дIабаханчарех ву Айдамиров Абузар.
Мовлид йоьшуш, хьеший саг1анах кхоьтуьйтуш ерзийра А.Айдамировн лерина суьйре.
Хь.БАХТАЕВА
№124, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 5-гIа де, 2015 шо