Хазъелла, башха куц эцна дIахIоьттина Соьлжа-ГIала. Кхузара хьал довза а, вайн къоман культурин, историн хIолламаш ган а кхечу регионашкара дуккха а экскурсанташ а, туристаш а богIу.
ХIора шарахь Соьлжа-ГIала мел турист аш а, экскурсанташ а богIу хаа болчу лаамца Соьлжа-ГIаларчу туристско-хаамийн туьше кхечира тхо дукха хан йоццуш. Оцу туьшан директора Батаева Элинас дийцира:
«ДIадаханчу шарца дуьстича, хIокху шарахь алссам экскурсанташ, туристаш баьхкина кхуза. Верриге а – 20 эзар сов. Экскурсанташ цхьана денна богIу. Iуьйранна сарралц культурин, историн хIолламашка бIаьрг а тухуш, шайна хазахеттачу урамашкахула буьйлалуш де доккху цара. Экскурсанташ дукха хьолахь луларчу регионашкара хуьлу. Масала, Дагестанера, ГIебартойн-Балкхаройчуьра, Ставрополан крайра, иштта кхечанхьара а. Дозанал арахьара нах а бог1у кхуза. Царна гIала хазахетта ца Iа, вайн мехкан лаьмнех марзо эца хьаьгна хуьлу уьш. Дукха хьолахь Къоьзан-Iам, ЧIаьнта, Хьачара боьлху экскурсанташ. Ткъа туристаш билгалъяьккхинчу программица, масех денна, я кIира даккха богIу. Цкъа кхуза баьхкина хилларш шолгIа баьхкина меттигаш а ю. Иштта нисделча, тхуна къаьсттина хазахета, хIунда аьлча, кхузахь царна хазахетта а, тайна а хиларан билгало ю иза. ШолгIа баьхкича а, дуьххьара шаьш кхуза кхаьчча санна, массанхьа кхача а, мехалчу хIолламашка бIаьрг тоха а сихло уьш.
Туристаш а, экскурсанташ а, уггаре а хьалха «Нохчийчоьнан дог» маьждиге а, «Грозный-сити» комплексе а, Сийлаллин аллей а, Къоман музей а буьгу. Къаьсттина «Ахмат-Арена» стадионехь самукъадолу церан. Иштта, кхуза баьхкинчу туристашна вайн къоман культура а, гIиллакхаш а довзийтаран Iалашонца, вайн республикехь хуьлучу концерташка а, спектаклашка а буьгу уьш. Культурин программаш царна йовзийтарца, вай царна вайн къоман гIиллакхаш, Iадаташ довзуьйту.
Цхьаболчарна хета тарло, туристаш аьхка алссам хуьлу аьлла. Иза иштта дац. Туристаш уггаре а алссам богIу март, апрель, май беттанашкахь.
Муьлххачу гIала экскурсант я турист вахча, цунна и меттиг йовзийтар дукха хьолахь экскурси дIахьош волчух доьзна ду. Экскурсеш дIаяхьаран дика говзанчаш цахиларна, телевиденин, радион белхахошка доьху оха и гIуллакх кхочушдар. Маттана говза хиларна, цара лаккхарчу тIегIанехь дIахьо экскурси. Делахь а, экскурсеш дIаяхьа Iамош кегийрхой бу. Iемар болуш берш, и говзалла карайоьрзур йолуш берш дуккха а бу. Царах тхуна дика накъостий хир бу аьлла хета суна», – дийцира Э.Батаевас.
З.ЛОРСАНОВА
№124, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 5-гIа де, 2015 шо